«Медицинин гӀуллакхан кхерамазалла а, дикалла а» конкурсан лауреат

Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министр Сулейманов Эльхан лауреат хилла Ерригроссин «Медицинин гӀуллакхан кхерамазалла а, дикалла а» конкурсан «ЦӀийлеларан системин цамгарш йолчарна медицинин гӀо дар вовшахтохар» аьллачу номинацехула.

Конкурсан жамӀаш дӀадахначу шеран гӀуран (декабрь) баттахь динера Ерригроссин Ӏилманан-практикин «Медицина а, дикалла а – 2020» конференцехь. Ткъа конкурсах болу официальни хаам а, жамӀаш а, дукха хан йоццуш, «Вестник Росздравнадзора» журналан агӀонехь зорбане даьхнера.

Оцу журналан коьртачу редактора, Росздравнадзоран куьйгалхочо Самойлова Аллас Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министре Сулейманов Эльхане динчу костехь, иштта, яздина: «Регионашкарчу медицинин хьаьрмийн дикалла лакхаякхаран гӀуллакх лерринчу тидамехь латтош хилар гуш ду вайна. Номинатийн гуо хӀора шарахь шорлург хиларх тешна ю со. Шун зеделлачух пайдаоьцург хир бу луларчу регионаша а. «Вестник Росздравнадзора» журнало а шен ницкъ кхочу гӀо дийр ду оцу тIехь».

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№12, чиллин (февраль) беттан 17-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: