Вайн республикин Iедало боккха тидам тIебохуьйту бахархойн дахаран-Iеран хьелаш тодарна, социальни хьашташ кхочушдарна. Оцу тIехь мехала маьIна леладо Нохчийчоьнан къинхьегаман, балха нисбаларн, социальни кхиоран министерствона юкъайогIуш йолчу бахархойн социальни хьашташ кхочушдаран туьшаша.

Коьртачу декъана, оцу туьшийн говзанчийн а, белхахойн а декхар ду бахархойн социальни хьашташка хьовсар, царна оьшучунна тIехь само яр.
Шайна тIехь долчу оцу жоьпаллин декхарех дика кхетарца болх беш бу Соьлжа-ГIалин Висаитовн (Старопромысловски) кIоштарчу бахархойн социальни хьашташ кхочушдаран туьшан белхахой.
ТIаьхьарчу вархI шарахь туьшан коллективана кхиамца куьйгалла деш ву Закаев Эдуард.
Цо аьлла ма-хиллара: «Бахархой социальни ларбаран системехь болх беш верг нахах дог лозуш, къинхетаме хила веза, нехан сингаттам, гIайгIа шениг санна тIеоьцуш хила веза, шен белхан мах, шена тIехь долу доккха жоьпалла девзаш хила веза. Нехан хьашташка бен-башха доцуш хьоьжучеран меттиг яц хIара. ХIора дийнахь бахархойн хьокъехь гIайгIабарца цара гойту Iедало, пачхьалкхо шайн терго еш хилар. Социальни белхахочун, социальни службин балхах йоьзна хуьлу бахархойн дог-ойла, доьзна хуьлу юкъараллехь долу хьал».
И хьекъале дешнаш кест-кеста шайн кхеташонашкахь карладоху Э.Закаевс. Ткъа оцо, шен рогIехь, туьшан белхахойн жоьпалла хила дезачу тIегIанехь а латтадо, уьш балхана ир-кара а хIиттабо.
Карарчу хенахь учрежденехь болх беш ши бIе стаг ву. Царах 9 урхаллин аппаратан болх вовшахтухуш а, дIахьош а ву. Отделенешна куьйгалла деш 12 стаг ву. Социальни белхахо 155 ву. Бахархойн массо а тайпа, цу юкъахь медицинин а хьашташ, кхочушдан дезаш хиларна кхузахь болх беш 10 медйиша а ю. Кхин 14 белхахо а ву тайп-тайпана хьашташ кхочушдарна гIаролехь лаьтташ.
Бахархойн хьашташ кхочушдеш 12 отделени ю оцу туьшахь. ХIора а отделенин шен-шен декхарш а ду, тIелацамаш а бу. Царах уггаре а коьрта ю къанойн а, заьIапхойн а хьашташ церан шайн цIахь кхочушдеш йолу отделенеш. Цу тайпа отделени итт ю.
Цуьнца цхьаьна, хIора а дийнахь бахархой тIе а оьцу туьшан говзанчаша, баха безаш хьал хилча церан цIа а боьлху. Къаьсттина мехала ду гIо оьшуш баьхкинчу бахархойн хьашташ кхочушдаран дикаллина тIехь терго латтош а, бахархойн материальни – дахаран-Iеран хьелаш толлуш а леррина комисси кхузахь болх беш хилар. Оцу комиссис, озабезамаш а ца беш, мах хадабо говзанчаша беш болчу белхан.
Таханлерчу дийнахь Висаитовн кIоштан бахархойн социальни хьашташ кхочушдаран комплексни туьшан говзанчаша а, белхахоша а цхьаъ ах эзар гергга стеган социальни хьашташ ду кхочушдеш. Царна юкъахь 700 гергга заьIапхо ву, 70 сов буобер ду, 200 сов ша цхьаъ висина стаг ву, 500 сов гIийла стаг ву, кхиберш бу. Цаьрца массаьрца а хьокъала боллу болх бу беш. ГIо-накъосталла оьшуш верг цхьа а тидамза вуьтуш вац. Иштта декхар хIоттийна Э.Закаевс шен коллективана хьалха.
Хууш ма-хиллара, коронавирусан ун даржарца доьзна, дагахь хилла йоцу чолхенаш хьалха хIиттира 2020-чу шарахь социальни белхахошна. Оцу муьрехь туьшарчу дуккха а белхахойх волонтераш хилира. Цара кхачанан сурсаташ, молха-маха дIакхачадора халачу хьолехь нисбеллачу бахархошна, де-буьйса ца лоьруш, нехан хьашташка хьовсура.
ХIинца дикка тоделла пандемица доьзна хилла хьал. Туьшан белхахой а, говзанчаш а хьалха хиллачу рожехь болх беш бу. Денна иттаннаш адамаш оьху цига.
Деккъа оцу цхьана бакъдолчо а тоьшалла до хIара туш бахархошна оьшуш хиларна, кхуьнга хьашт хиларна, кхузарчу белхахойх уьш тешаш хиларна. Иза Iедалх, Iедалан векалех тешар ду.
Иштта доккха маьIна долуш бу-кх социальни белхахочун болх. Цунах дика кхеташ хиларна бу туьшан болх кхиаме.
С.ХУСЕЙНОВ
№12, чиллин (февраль) беттан 17-гIа де