Дакъалоцуш Нохчийн Республикин Премьер-министр Хучиев Муслим а, Россин Пачхьалкхан Думин депутат Делимханов Адам а волуш, Соьлжа-ГӀалахь 2 кхеташо дӀаяьхьира.

Цигахь дийцаре дира Россин къилбехь а уггаре а йоккха йолу махлелоран а, самукъадаккхаран а «Грозный Молл» туш чекхъяккхаран декъехь а, Соьлжа-ГӀаларчу дуьненаюкъарчу аэропортана керла терминал ярехь а деш долу гIуллакхаш.
Хьалхара кхеташо махлелоран а, самукъадаккхаран а туш ярехь долу хьал дийцаре дарна лерина яра.
Делимханов Адама билгалдаьккхира оцу мехалчу объектан дизайн-проект ингалсхойн архитектурин «Chapman Taylor» бюрос кечйина хилар.
Проект кхочушъярх лаьцна дуьйцуш билгалделира коьрта белхаш чекхбаьхна хилар а, карарчу хенахь говзанчаш куц-кепаца богӀуш болу гӀирсаш дӀахӀитторехь къахьоьгуш хилар а.
Кеста схьайоьллур йолуш йолу и туш Соьлжа-ГӀалин жовхӀар хилла дӀахӀуттург хиларх тешна бара кхеташонехь дакъалоцуш берш.
ШолгӀа кхеташо Соьлжа-ГIалин дуьненаюкъарчу аэропортана керла терминал яр дийцаре дарна лерина яра.
Цигахь, коьртачу декъана, дийцаре динарг архитектурица доьзна гӀуллакх а, объект гӀалин инженерин сеташна тӀетасарна оьшуш долу кехаташ кечдар а дара.
И.АДАМОВ
№13, чиллин (февраль) беттан 20-гIа де