ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмираташкахь хилира. Цигахь иза цхьаьнакхийтира Абу-Дабин элаца Мухьаммад бен Зайед Аль-Нахайанца.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Россин Федерацин Президентан Путин Владимиран маршаллин дешнаш дIаделира эле.
«Тхан пачхьалкхан куьйгалхочо резахиларца билгалдаьккхина Россин а, Эмиратийн а юкъаметтигаш пайде а, беркате а хилар. Путин Владимира баркалла бохура Эмираташа пандемин муьрехь Россин Федерацин Къилбаседа Кавказан регионашна ларбаларан гIирсаш бахкийтарна. Цул сов, цо билгалдаьккхира Россис коронавирусца къийсам латторехь кхечу мехкашца юкъаметтигаш лелор доккхачу маьIне лоруш хилар. Президента дагадаийтира, «Спутник V» цIе йолу Россера вакцина, дукха хан йоццуш, кхераме хьал хилча пайдаэцийтархьама Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмираташка еана хилар а, Эмираташкарчу говзанчаша дIахьош долчу клиникин зерийн кхоалгIа мур чекхбаьллачул тIаьхьа, Росси и препарат Эмираташна латто кийча хилар а», – билгалдаьккхира регионан Куьйгалхочо.
Цхьаьнакхетарехь, Кадыров Рамзана дийцарехь, агIонаша дийцаре дира Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмираташа а, Россин субъекта – Нохчийн Республико а цхьаьнагIуллакхаш дарца доьзна долу мехала гIуллакхаш.
«Эмираташкарчу вайн вежарша кхочушъеш йолчу проекташа гIо дийр ду регион кхиорехь. Ас а, ларамечу вашас Мухьаммад бен Зайед Аль-Нахайана а хаийтира тхаьш цхьаьнагIуллакхаш дар чIагIдан а, шордан а лууш хилар. Ас цунна (элана) баркалла элира тхаьш, хьошалла деш, тIеэцарна. Билгалдаьккхира тхаьш даима а нохчийн махкахь иза ган лууш хилар а, уггаре веза хьаша санна тIеэца кийча хилар а», – билгалдаьккхира Р.Кадыровс.
I.МУРТАЗОВ
№13, чиллин (февраль) беттан 20-гIа де