Ваха-ван генахь елахь а, ца кхиош юьтур яц Шаройн кӀошт

Нохчийн Республикин Премьер-министр Хучиев Муслим белхан гӀуллакхца лаьмнашкарчу Шаройн кӀоштахь хилира.

Уггаре а хьалха Кенхехь хилира иза, цигахь ян йолош йолчу спорткомплексан майдане а хьожуш.

И объект Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Регионан юкъараллин фондан чоьтах еш а ю, 200 квадратни метр дӀалоцуш а, 60 стагана лерина а хир ю.

Цул тӀаьхьа, шеца цхьаьна республикин Культурин министр Дааев Хож-Бауди а волуш, Шарарчу бӀаьвнийн комплексехь хилира министрийн кабинетан куьйгалхо.

Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу регионан юкъараллин фонтан чоьтах меттахӀоттош йолу и комплекс 34 объектах лаьтташ ю – тӀеман 7 бӀаьвнах а, 1 маьждигах а, иштта, чохь Ӏаран 24 гӀаланах (хӀусамах) а.

МеттахӀитторан белхаш чекхбаьхначул тӀаьхьа и меттиг Шаройн кӀоштан хилла ца Ӏаш, ерриге Нохчийчоьнан а «туризман васт» хирг хиларх ша тешна хилар билгалдаьккхира Хучиев Муслима.

Юха, ХӀимахь кхеташо дӀа а хьош, дийцаре дира кӀошт кхиоран гӀуллакхаш.

Коьртачу декъана дийцаре дира кӀоштан цхьайолчу ярташна газаца а, токаца а кхачояран болх жигарабаккхаран а, иштта, мобильни сетаца доьзна а гӀуллакхаш а.

Кхеташонехь билгалдаьккхина ма-хиллара, мобильни сетаца кхачояран декъера белхаш кӀошт ма-ййу дӀабахьа безаш белахь а, къаьсттина терго ХӀимахь а, Кенхехь а бан безачу белхийн йийр ю.

Оцу кӀоштана шайн-шайн сеташца кхачояран декъехь шаьш дан леринарг тӀебогӀучу баттахь довзуьйтур ду республикехь болх бечу мобильни операторша.

И.ИСЛАМОВ
№13, чиллин (февраль) беттан 20-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: