Заки-Юьртахь – юкъараллин майда

Республикин гӀаланашкахь а, ярташкахь а дӀахьош бу къоман «ХӀусамаш а, гӀалара хьал а» проектан гурашкахь федеральни «ГӀалахь бегӀийла хьелаш кхоллар» проектаца нийса а догӀуш, юкъараллин майданаш тояран белхаш.

Церан могӀарехь ю ТӀехьа-Мартан кӀоштарчу Заки-Юьртахь хӀокху деношкахь йина яьлла юкъараллин майда а.

Проектаца нийса а догӀуш, цигахь мини-футболан, берийн ловзарийн, воркаутан майданаш а, гӀашлойн некъаш а, дечкан лабанаш а, иштта, охьаховша гӀанташ а дина, шайна улле нехаш чукхийса урнаш а хӀиттош.

Карарчу шарахь, къоман «ХӀусамаш а, гӀалара хьал а» проектан гурашкахь дӀахьур бу федеральни «ГӀалахь бегӀийла хьелаш кхоллар» проектаца юкъараллин майданаш тояран белхаш.

Карарчу шарахь 67 юкъараллин майда, 41 юкъараллин меттиг, дукхапетарийн 26 цӀийнан уьйтӀеш тойийр ю.

Оцу белхашна къастийнарг 395 млн сов сом ду. Цунах 99 процент ахча федеральни бюджетера а долуш, йисина йолу 1 процент меттигерчу бюджетера хир ду.

И белхаш республикерчу ерриге а муниципалитеташкахь дӀахьур бу.

К.АБУЕВ
№13, чиллин (февраль) беттан 20-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: