Россин Пенсионни фондан Нохчийн Республикехула йолчу Отделенехь дIадаьхьира хIора шеран Ерригроссин «Тоьлашха волу страхованиярхо» аьлла йолчу пхоьалгIачу конкурсан толамхошна даздарца совгIаташ дар. Цигахь дакъалецира Россин пенсионни фондан Къилбаседа Кавказан Федеральни округан урхаллин хьаькама Гетман Михаила, Нохчийн Республикин Правительствон декъашхоша, республикин къинхьегаман, нах балха нисбаран, социальни кхиоран министран заместитела Умаров Эльдара, Нохчийн Республикин тIеман комиссара Джейрханов Ахьмада, официальни кхечу наха.
«Тоьлашха волу страхованиярхо» конкурс ерриге а Россин тIегIанехь дIахьош ю. Конкурс дуьххьара дIаяьхьира 2010-чу шарахь. Оцу шеран 1-чу январехь дуьйна цхьааллин социальни налог хийцира Пенсионни фондан а, ян декхар долчу медицински, социальни страхованин фондийн а бюджеташка страхови взносаш ярца. Оцу гIуллакхехь ян декхар долчу пенсийн системе а, ян декхар долчу медицински страхованин системе а лучу взносашна администрировани яран декхар тIедиллина Россин Федерацин Пенсионни фондана.
Тоьлашха волу страхованиярхо лерира отчеташ шен хеннахь дIалуш а, хаамаш дIабаларан электронни технологех пайдаоьцуш а, шайн белхахошна тIера страхови взносаш шен хеннахь дIалуш а верг. Билггал иштта болх луш болчарех ала мегар ду уьш шайн белхахойн хиндолчу пенсешна бан ма-беззара гIайгIа беш бу. Цул сов, Россин Федерацин пенсионни законодательство талхоран хьокъехь болх луш волчунна страховани йинчу наха дина аьрзнаш хила ца деза.
Берриге а махкахь а санна, Нохчийн Республикехь а конкурс хIинца пхоьазлагIа дIаяьхьира. Толаме кхача гIерташ, къийсира вайн республикерчу хьаналчу берриге а болх луш болчара а, предпринимательша а.
Вайн республикерчу 40 эзар предприятех а, предпринимателех а къастийра конкурсан хьелашца тола тарлуш волу 60 дакъалацархо. Ткъа царех къастийра «тоьлашха болчарех тоьлларш». ТIаьххьара а конкурсан региональни декъехь толам баьккхира 16 дакъалацархочо. Уьш Нохчийн Республикин уггаре а жоьпаллийн а, хьанал а болх луш берш лерина.
Билгалдаккха деза болх луш берш Россин Пенсионни системин коьрта дакъалацархой хилар. Цара Россин Пенсионни фонде ян декхар долчу пенсийн страхованина луш йолу страхови взносаш церан белхахойн хиндолу пенсеш а, хIинцалерчу пенсионерашна луш долу ахча а ду. Шен маршалла хаттаран дашехь Россин Федерацин Пенсионни фондан Нохчийн Республикехула йолчу отделенин куьйгалхочо Ахмадов Мохьмад-Эмис билгалдаьккхира конкурсан коьрта Iалашо болх луш болчеран социальни жоьпалла лакхадаккхар а, россихойн хиндолу пенсеш лакхадахарна уьш юкъаозор а хилар.
Вай социальни пачхьалкх дIахIоттош ду. Вай кхидIа а дIахьо вайн хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас дIадолийна хилла гIуллакх, цо шен дахар дIа а луш, кхачойира нохчийн халкъ кхидIа а дийна дисийтарна. Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана хьалхарчу рогIера декхар лору бахархой социальни ларбар, ткъа пенсешца кхачояр – пачхьалкхан социальни политикин коьрта дакъа ду», – билгалдаьккхира М-Э.Ахмадовс.
«Муьлххачу а предприятин куьйгалхочо, шен белхахой болчу хIора предприниматела шена тIеоьцу шайн хIора белхахочунна тIера пенсийн страхованина страхови взносаш дIаяларан доккха жоьпалла. Аш жоп ло шайн белхахошна болх бина хьакъ а долуш даьккхинчу пенсица кхачоярх. Вай цхьаьнатоьхначу ницкъашца гIуллакхаш до вайн юкъараллехь социальни хьал гIоьртина ца хилийтарна тIехьовсийна. Вайн баккхийчу нахана а, заьIапхошна а, буоберашна а шен-шен хенахь дIало царна догIуш долу пенси, ткъа вайн хинболчу пенсионерашна иза тешам боллуш хир ду. Куьйгаллин лаккхарчу белхашкахь а долуш, хьалхарчу рогIехь аш шайн белхахойн, церан хиндолчун ойла еш хиларна, шуна баркалла ала лаьа суна. Цунах ду вайн юкъараллехь лаккхара моральни жоьпалла хилар. Пенсешца кхачояран дикалле хьаьжжина мах хадабо пачхьалкх кхиаран бараман. Ткъа Нохчийн Республика лаккхарчу социальни культурин а, къинхетаман а юкъаралла сихха кхиаран къеггина масал ду. ХIокху зала чохь Iаш долчу вай массара а кхиамца дакъалоцу и юкъаралла дIахIотторехь», – билгалдаьккхира М-Э.Ахмадовс.
Гулбеллачарна хьалха цул тIаьхьа къамел дира Россин Пенсионни фондан Къилбаседа Кавказан федеральни округан урхаллин хьаькама Гетман Михаила. Цо билгалдаьккхира Россин Пенсионни фондан Нохчийн Республикин Отделенин а, цуьнан территориальни органийн а балхахь болу кхиамаш Отделенин куьйгалхочо М.-Э.Ахмадовс республикин куьйгаллица а, региональни, муниципальни тIегIанашкарчу кхочушдаран Iедалан а, федеральни структурийн а органашца а герггара цхьаьна гIуллакхаш дар бахьана долуш баьхна хилар. Цара Пенсионни фондана гIо до бахархошна лаккхарчу дикаллица пенсешца а, социальни а кхачояран жоьпаллин декхар кхочушдарехь.
Россин Пенсионни фондан Къилбаседа Кавказан федеральни округан урхаллин хьаькама шайн гIолацарна баркалла элира Кадыров Рамзанна. ДIахаийтира Пенсионни фондан республикин Отделенис регионан бахархойн дахаран дикалла лакхадаккхарна а, хьал-де тодарна а, тIейогIучу хенахь а берриге а ницкъаш тIебохуьйтург хиларх ша тешна хилар.
М.С.Гетмана Социальни белхахочун денца декъалйира Россин Пенсионни фондан Отделенин а, территориальни дакъойн а коллективаш. ДIахаийтира церан халачу, беркатечу балхахь кхиамаш хуьлийла шена лаар. «Шун болх Нохчийн Республикин берриге а бахархоша доккха баркалла ала а, сий дан а хьакъ бу. Шун лаамаш а, дегайовхонаш а хьакъ боллу мах хадор болчу жамIе йоьрзийла!», – билгалдаьккхира М.С.Гетмана.
Шен къамел чекхдолуш, «2014-чу шеран Къилбаседа Кавказан федеральни округехь Россин Пенсионни фондан тоьлашха йолу территориальни орган» аьлла цIе яккхарехьа хиллачу конкурсехь рогIера толам баккхарца, регионан Пенсионни фондан урхаллин коллектив декъал а йина, цунна Диплом делира. Иштта Сийлаллин дипломаш делира республикин тоьлашха болчу страховани ечарна а.
Даздар чекхделира концертаца. Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин тоьлашха болчу артисташа.
С.ЛАЛАЕВ
№ 62, шот, 6 июнь, 2015 шо