ХIокху деношкахь Москвахь Россин гIишлошъяран, хIусамийн-коммунальни бахаман министр И.Файзуллин цхьаьнакхийтира Нохчийн Республикин гIишлошъяран, хIусамийн-коммунальни бахаман министраца Зайпуллаев Муслимаца.

Цара цигахь дийцаре дира республикехь кхочушъеш йолчу мехалчу проектийн хьокъехь долу гIуллакхаш.
Зайпуллаев Муслима билгалдаьккхира: «Нохчийн Республикехь дӀадаханчу 2020-чу шарахь дуккха а болх бина. Карарчу хенахь гӀаланашкахь а, кӀошташкахь а къоман проектийн гурашкахь еш дуккха а социальни объекташ ю. Цул сов, «Чохь Iан мегар йоцчу хIусамийн фонд тешам боллуш лахъярна кхачояр» федеральни проект кхочушъяран гурашкахь, чохь Iан мегар доцчу хIусамашкара нах, хӀора шарахь, керлачу хIусамашка дIакхалхош бу. И болх, къаьсттина, мехала бу иза «ХIусамаш а, гIалара хьал а» къоман проектан коьрта декхар а, Ӏалашо а хиларна».
Ян езаш йолу 50 объект (школаш, берийн бошмаш) чекхъякхарна, М.Зайпуллаевс федеральни бюджетера кхитӀе а ахча дийхира.
Оцу ахчанах таро хир ю 2022–2023-чуй шерашна билгалбина болу болх карарчу 2021-чу шарахь чекхбаккха.
Россин гIишлошъяран, хIусамийн-коммунальни бахаман министра И.Файзуллинас тӀелецира кхитIе а ахча къастадайтарехь гӀо-накъосталла дан.
Нохчийн Республикехь, хӀора шарахь, кхиамца, кхочушъеш тайп-тайпанна къоман проекташ хиларо, республикехь долу дахаран а, экономикин а хьал лаккхарчу тӀегӀане даьккхина.
А.КАНТАЕВ
№13, чиллин (февраль) беттан 20-гIа де