ДIадаханчу шарахь бинчу белхан жамIаш довзийтира

ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин Прокуратурин актови зала чохь Нохчийн Республикин прокурора Абдул-Кадыров Шарпуддис 2020-чу шарахь бинчу белхан жамIашкахула пресс-конференци елира республикин шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалшна. Прокурора жоьпаш делира регионан журналистийн цхьамогIа хаттаршна.

Абдул-Кадыров Шарпуддис дийцарехь, юкъараллин меттигашкахь динчу зуламийн барам лахара хиларца Россин регионашна юкъахь Нохчийн Республика хьалхарчу меттехь ю.

«Бакъонашларъяран органашца цхьаьна прокуратуро зуламаш дарна дуьхьал 324 мероприяти дIаяьхьна. Цуьнан жамI ду зуламаш дар 16,9 процентана лахдалар. Лахделла даккхий зуламаш а, юккъерчу бараман а, кегий а зуламаш дар», – билгалдаьккхира прокурора.

Цо дийцарехь, лахделла наркотикаш а, герз а лелорца а, коррупцица а, экономикица а, бакъонашларъяран органийн белхахойн дахарна тIекхийдарца а, некъан боламан бакъенаш талхорца а доьзна долу зуламаш.

Соьлжа-ГIалин ерриге а кIошташкахь бохург санна, кхерсташ лелачу жIаьлешца доьзна долу хаттар а дира.

Прокурора хаийтира, шаьш и гIуллакх къаьсттинчу тидаме эцна хилар а, оцу гIуллакхан хьокъехь прокурорийн таллам дIабаьхьна хилар а.

Коронавирусан ун даьржина хиларе хьаьжна доцуш, 2020-чу шарахь Нохчийн Республикин прокуратуро 2020-чу шарахь тIеэцначу бахархойн барам хьалхалеррачу тIегIанехь бисина, уьш 8 621 стаг ву. Царах 98 медицинин белхахо а, 129 совдегар а ву.

Пандемин муьрехь бахархой тIеэцар дIахьора онлайн рожехь, профилактикин тIедахкарш кхочуш а деш. Республикин прокурора ша тIеэцнарг 620 вахархо ву.

ДIаса а доьлхуш, ечу мероприятешкахь тIеэцна 2 334 стаг. Къастийна гражданийн 2 952 арз, 765 акт хIоттийна.

«Прокурораша дIабаьхьна бахархой, уггаре хьалха кегийрхой кхеторан болх. ДIадаьхьначу цхьаьнакхетарийн коьрта темаш ю коррупцица а, законехь доцуш наркотикаш лелорца а къийсам латтор, некъан-транспортан бохамашна профилактика яр. Оцу декъехь прокурораша беш болу болх тIехьажийна бу кхетош-кхиорна а, зуламаш цадайтарна а», – дийцира республикин прокурора.

Хаамийн политика дIаяхьаран Iалашонца, республикин прокуратуро зIе латтайо шуьйрачу хаамийн гIирсашца. 12 эзар гергга йолчу сюжеташкахь а, статьяшкахь а хьахийна дIадаханчу шарахь прокуратурин белхахой.

Жигара дIахьош ду республикин прокуратуро беш болу болх социальни сеташкахь бовзийтар. Прокуратурин аккаунташна тIеязбеллачеран барам 140 эзарне кхаьчна, ткъа церан цхьайолчу публикацешка хьаьжначеран барам 80 эзарне кхочу.

I.ТЕРЛОЕВ
№13, чиллин (февраль) беттан 20-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: