«Синмехаллаш» телепроектан XIII-гIа фестиваль-конкурс дIахьур ю

Республикин «Синмехаллаш» телепроектан XIII-гIа фестиваль-конкурс дIайолош, хьалхарчу декъехь дакъалоцуш хинйолчу кIоштийн, гIаланийн культурин урхаллийн, отделийн командийн къийсадаларийн къепе къаьстина.

Оцу гIуллакхехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин культурин министр Дааев Хож-Бауди а, цуьнан заместитель Милькиев Рустам а, кIоштийн, гIаланийн культурин урхаллийн, отделийн куьйгалхой а.

Кхаж тесначул тIаьхьа билгалделира муьлха команда муьлхачуьнца къовсалуш хир ю.

Иштта екъаелла командаш: 1) Гуьмсан кIоштан культурин урхалла – Теркан кIоштан культурин урхалла; 2) Грозненски кIоштан культурин отдел – Веданан кIоштан культурин отдел; 3) Курчалойн кIоштан культурин отдел – Шелковски кIоштан культурин урхалла; 4) Хьалха-Мартан кIоштан культурин отдел – ТIехьа-Мартан кIоштан культурин отдел; 5) Шаройн кIоштан культурин отдел – Шелан кIоштан культурин урхалла; 6) Соьлжа-ГIалин мэрин Культурин департамент – Нажи-Юьртан кIоштан культурин отдел; 7) Шуьйтан кIоштан культурин отдел – Итон-Кхаьллан кIоштан культурин отдел; 8) Устрада-ГIалин культурин урхалла – Эна-Хишкан кIоштан культурин отдел – Невран кIоштан культурин отдел.

Конкурсехь командаша шайна вокалан а, халкъан музыкин а гIирсаш лакха хааран говзалла гайта еза, ткъа иштта, нохчийн къоман гIиллакхаш, ламасташ довзуьйтуш язйинчу сценарешна инсценировкаш хIитто а еза.

Вайна хууш ма-хиллара, «Синмехаллаш» проект нохчийн Iадаташ, гIиллакхаш, ламаст аш довзийт аран Iалашонца дIахьош ю, къаьсттина кегийрхойн дуьхьа. Амма, кегийрхошна санна, баккхийчарна а дукхаезаелла и проект. Царна, баккхийчарна къоман гIиллакхаш, мотт карлабалар хуьлу оцу конкурсе хьовсуш. Цундела, вайн декхар ду проектан дакъалацархошка сцени тIехь оьрсийн дешнаш юкъа а ца далош, нохчийн мотт цIена бийцийтар а, нохчийн шира дешнаш юкъа а далош, ненан меттан хазалла, таронаш, ницкъ бовзийта хьажар а, – элира Дааев Хож-Баудис.

2020-чу шарахь «Синмехаллаш» телепроектан ХII-гIа фестиваль-конкурс шина номинацехь дIаяьхьира: «Вайнехан гIиллакхаш», «Нохчийн халкъан забарш».

Жюрин жамIашца 48 баллаца хьалхара меттиг яьккхира Шуьйтан кIоштан культурин отдело, шолгIа меттиг – Гуьмсан кIоштан культурин урхалло – 44 балл, кхоалгIа меттиг – Хьалха-Мартан кIоштан культурин отдело – 41 балл, ткъа йоьалгIачу меттехь, 37 баллаца, Итон-Кхаьллан кIоштан культурин отдел яра.

ВЕГИЕВА Макка
№13, чиллин (февраль) беттан 20-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: