Нохчийн а, гIалгIайн а халкъаш махках даьхна 77 шо кхачарна лерина цхьаьнакхетар дIадаьхьира Соьлжа-ГIалахь.

Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Парламентан Председатела Даудов Мохьмада, Правительствон Председателан хьалхарчу заместитела Тумхаджиев Iийсас, вице-премьераша Висмурадов Абузайда, Усмаев Вахита, Правительствон Председателан заместитела – юьртан бахаман министра Закриев ИбрахIима, Соьлжа-ГIалин мэра Хаджимурадов Iийсас, ткъа иштта, министерствийн, ведомствийн, нуьцкъаллин структурийн куьйгалхоша.
Цхьаьнакхетар дIа а долош, Даудов Мохьмада дIабийшира нохчийн а, гIалгIайн а халкъаш махках даьхна 77 шо кхачарца доьзна Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана Нохчийчоьнан халкъашка бина кхайкхам (иза газетан хIокху номерехь зорбатоьхна).
Цул тIаьхьа республикин Парламентан Спикера билгалдаьккхира Нохчийчохь машар а, синтем а, къепе а хилийтаран закъалт вайн барт а, цхьаалла а хилар.
«Вайх хIора а кхеташ хила веза машар а, бахархойн аьтто а хилар вайн барт хиларца доьзна хиларх. Нагахь санна вайн барт а, доттагIалла а хилахь, АллахIа вайна совгIат дийр ду машарца а, синтемаца а. Нохчийчохь машар а, паргIато а хилийтаран дуьхьа шен дахар дIаделла Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас. Цуьнан некъ бу-кх вайн махкахь аьтто а, беркат а, къепе а хилийтар. Вай цкъа а оцу некъа тIера дIахьаьвзар дац, вай дерриге а дийр ду 1944-чу шарахь а, 20 шо хьалха а вайн халкъо лайна бала, Iазап, хало юха ца лайта», – элира цо.
Иза къамел дина ваьлча, Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) тIаьхьенех волчу Нохчийн Республикин Парламентан депутата Жамалуллайл Сайд-Хьамзата доIа дира, гулбеллачара «амин» а олуш, махках бахаран къизалла бахьанехь, Сталинан Iазап бахьанехь кхелхинчарна, Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман шерашкахь эгначарна Везачу а, Сийлахьчу а АллахIе гечдар, царах къинхетам бар доьхуш, Нохчийчохь машар, барт хилийтар доьхуш.
Д.ПАШАЕВ
№14, чиллин (февраль) беттан 24-гIа де