Махкахь хIаваэ аракхуьйсуш йолу антропогенни парникийн газан барам бустаран полигонийн система ю Россехь кхуллуш. Хьалхарчу ворхI регионна юкъаяхана Нохчийн Республика. Оцу массанхьа а карбонови фермаш йийр ю.

Керла проект дIайолийна Россин Федерацин Iилманан а, лаккхарчу дешаран а министра Фальков Валерийс.
«Россин Iилманан а, лаккхарчу дешаран а куьйгалли кIелахь йолчу вархI университетан а, Iилманан организацин а буха тIехь карбонови полигонаш кхоллар» – иза федеральни а, регионийн а Iедалша, Iилманийн организацеша, вузаша, бизнесо цхьаьна болх баран жамI ду. Цу тайппанчу меттигийн декхар ду экологин мониторинган хаамашна тIехь болх бар, гулдаран сеть тIеюзар», – билгалдаьккхира министра.
Нохчийн Республикехь, долахь йолу инвестицеш юкъа а озош, дуьххьарлера карбонови ферма хIокху шарахь йийр ю.
Даздаран хьолехь иза схьаеллар дIахьур ду Iилманан а, технологийн а шеран гурашкахь.
«Нохчийн пачхьалкхан университето кечйина полигон кхолларан концепци, цуьнан ян лерина йолу специализаци хьесапе а оьцуш, кечйина талламан майданаш дIанисъяран юьхьанцара план, университетан талламан белхан некъаш билгалдаьхна. ХIинца йолуш йолу дешаран программаш хьесапе а оьцуш, кечъеш ю экологин мориторингехула говзанчаш керлачу говзаллашна университетехь схьаелларна магораш кечдар», – элира проектан белхан хьокъехь Нохчийн пачхьалкхан университетехь Iилманехула а, инновацешкахула а волчу проректора Нахаев Мохьмада.
Иштта, вузан говзанчаша экологин мониторинган гIуллакхашкахула лакхарчу классийн дешархошна программаш кечъяр дIадолийна.
Студенташна а, дешархошна а юкъахь Iилмане безам кхолларан майданаш хилла полигонаш дIахIуьттург хиларх дегайовхо ю.
Нагахь санна полигонаш делегацешна неIарш схьайиллина формат йолуш хилахь, цо таро лур ю меттигашкахь экологига безам кхоьллина ца Iаш, кегийрхошна корматалла харжарна бух кхолларца кхачоян а.
С.АЛЬВИЕВ
№14, чиллин (февраль) беттан 24-гIа де