Абу-Дабин тӀаьхьалонан элин Мухьаммад бен Зайед Аль Нахайанан кхайкхарца, оборонин промышленностан дуьненаюкъарчу «IDEX–2021» гайтамехь дакъалаьцна Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Цо билгалдаккхарехь, гайтамехь дакъалацар чӀогӀа маьӀне нисделла, хӀунда аьлча, цуьнан гурашкахь цхьамогӀа цхьаьнакхетарш хилла – Россин промышленностан а, махлелоран а министраца Д.Мантуровца а, ГӀезалойчоьнан Президентаца Р.Миннихановца а, «Ростех» корпорацин коьртачу директорца С.Чемезовца а.
Иштта, тайп-тайпанчу пачхьалкхашкарчу компанешца барташ а бина – церан векалш Нохчийчу богӀур бу, шайн-шайн герзаш а, зеделларг а довзийта.
Кадыров Рамзана хаийтина гайтамехь дакъалоцуш 900 сов компани хилла хилар, шайна юкъахь, къаьсттина тидам тӀебоьдуш, «Рособоронэкспорт» а йолуш.
«И гайтам вовшахтоьхначу Ӏаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмираташкарчу вайн вежарша кечам лаккхарчу тӀегӀанехь бинера. Суна чӀогӀа тайра цигахь гина сурт», – билгалдаьккхира Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.
И.ИСЛАМОВ
№14, чиллин (февраль) беттан 24-гIа де