Нохчийн халкъ махкахдаккхаран денца доьзна НР-н Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан кхайкхам

Хьомсара доттагIий! Нохчийн а, гIалгIайн а оьмарехь уггаре а лазаме а, бохаме а деана де ду таханлерниг. Кхузткъа вуьрхIитта шо хьалха, дерриге а халкъаша неIалт аьлла волчу Сталин Иосифан омранца вайн халкъаш адамалла йоцчу зуламан – махках даьхна Сибрех а, Казахстане а дIахьовсоран бала Iовша дийзира.

ТаIзар даран и къизалла вайна тIехь лелийра немцойнфашистийн оккупант ашца цхьаьнагIуллакхаш дина аьлла харцонца бехкедина. И бахьанехь вайн республикера вуно дукха адамаш хIаллакьхилира.

Халкъана тIехь таIзар латтор бен кхин хIумма а олийла дац оцу зуламах. Вайн халкъана тIехь кхоьллинарг харц цIе хиларна, бехк боццушехь, бехке дина хиларна тоьшалла до дуккха а нохчаша Сталинград ларъеш, Ленинградана лаьцна хилла го бостуш, Советийн Союзан гIаланаш, Европа паргIатйоккхуш шайгара стогалла а, майралла а гойтуш, тIемаш бина хиларо.

Соьлжа-ГIалин бахархоша йоккха хазна юкъайиллира пачхьалкхан нуьцкъалла чIагIъярна.

2015-чу шарахь Россин Президента Путин Владимира меттахIоттийра историн нийсо, Соьлжа-ГIалина «БIаьхаллин сийлаллин гIала» сийлахь цIе а туьллуш. Цуьнан оцу сацамо совцийра вай цадезарша лелош хилла питанаш, дуьйцуш хилла харц хабарш.

Тахана нохчийн халкъ сихха кхуьуш ду. Цхьанаэшшара хьалхахьа доьдуш ду, Россин вежараллин халкъашна юкъахь хьокъала йоллу меттиг дIалоцуш ду.

Оцу кхиамашка кхача таро хилла вайн цхьаалла, барт хилар бахьана долуш, вайн юкъарчу Даймехкан зовкхан дуьхьа вай даха а, болх бан а лууш хилар бахьана долуш.

Вай цкъа а бицбийр бац оцу къизачу бохамехь кхелхинарш.

Веза а, Сийлахь а волчу АллахIе доьхур ду Сталинан къизалла бахьанехь эгначарах къинхетам бар, уьш декъалбар.

№14, чиллин (февраль) беттан 24-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: