Дийна шляпа (Н.Носов)

Шляпа комода тIехь Iуьллуш яра, цициган кIорни Васька цIенкъахь Iаш дара, ткъа Вовка а, Вадик а стоьла хьалха басаршца суьрташ дохкуш воллура.

ЦIеххьана царна тIехьа тата делира – цхьа хIума цIенкъа охьаюьйжира. Уьш юхахьаьвсира, комодана уллехь цIенкъахь Iуьллуш шляпа гира царна.

Комодана тIе а вахана, шляпа лаьттара схьаэца охьатаьIначу Вовке цIеххьана мохь белира: – Вай-вай-вай!, – аьлла, дIаведира иза.

– ХIун до ахь? – хаьттира Вадика.

– Иза ди-ди-дийна ю!

– ХIун ю дийна?

– Шля-шля-шля-па!

– Ахь хIун дуьйцу! Шляпанаш дийна хуьлуш хуьлу кхин?

– Хьа-хьажахьа хьуо!

Вадик, улле а вахана, хьежа хIоьттира шляпане. ЦIеххьана, нийсса цунна тIетекхира шляпа. Шийла мохь а болуш, «Вай!», – аьлла, дивана тIе кхоссавелира иза. Вовка – цунна тIаьххье.

ЦIенкъа юккъе схьа а еана, сецира шляпа. Цуьнга а хьоьжуш, дукха кхераваларна вега а веш, Iара ши кIант. Эццахь, схьа а йирзина, диванна тIетекхира шляпа.

– Вай! Вай! – маьхьарий девлира берашка.

Дивана тIера охьа а лилхина, чуьра аратилира уьш.

Кухни чу а ведда, шайна тIаьххье неI дIачIегIира цу шимма.

– Со дIа-воь-оь-ду! – боху Вовкас.

– Стенга?

– Сайн цIа гIур ву-кх.

– ХIунда?

– Шляпанах кхоь-оь-ру со! Суна дуьххьара гуш ю шляпа чухула лелаш.

– ХIун хаьа, цхьамма тIийригца меттаххьееш хила а тарлой иза-м?

– Валохьа, хьажахьа тIаккха.

– Цхьаьний воьду вайшиъ. Ас клюшка схьаоьцур ю. Иза вайшиъ волчу агIор схьатакхахь, ас клюшка йолуьйтур ю цунна.

– Собардехьа, ас а оьцу клюшка.

– Ткъа вайн кхин клюшка ма яц.

– Делахь ас лыжийн гIаж оьцур ю. Клюшкий, лыжийн гIажжий эцна, неI хер а йина, дехьа чу хьаьвсира уьш.

– Стенгахь ю иза ян мукъане а? – хоьтту Вадика.

– Хьуьллахь, стоьла уллехь.

– Дера ю ас цунна хIинцца клюшка оьккхуьйтур! – боху Вадика.

– Улле схьаяийта ахь, йовсар ша ма-ярра!

Амма шляпа стоьлана уллехь Iуьллура, меттах дIа а ца йолуш.

– ХIа-а, кхераелла! – гIаддахара бераш.

– Вайна тIегIорта ца яьхьа иза хIинца.

– ХIинца ас кхерош хьажа хьо иза, – элира Вадика.

ЦIенкъа клюшка а етташ, мохь бетта вуьйлира иза: – ХIей, шляпа!

Амма шляпа меттаххьовш а яцара.

– Картолаш а лахьийна, уьш еттий вай цунна? – элира Вовкас.

Кухни чу юха а веана, тускар чуьра картолаш а лахьийна, уьш шляпина кхийса вуьйлира и шиъ. Кхуьйсуш, кхуьйсуш, эххар а, Вадикера картол тIекхийтира. Цхьана мIаьргонехь ирх айъелира шляпа!

– МIаьв! – аьлла, цIогIа хьаькхира цхьамма.

ДIахьаьжча, шляпина кIелхьара аракъедира сира цIога, тIаккха тIод, ткъа цул тIаьхьа ша цициган кIорни а схьаиккхира шляпина кIелхьара.

– Васька! – гIаддахара бераш.

– Схьахетарехь, иза цIенкъахь Iаш хилла, ткъа шляпа комода тIера цунна тIейоьжна, – духе кхиира Вовка.

Катоьхна, Васька схьа а эцна, иза хьеста хIоьттира Вадик.

– Васька, хьомениг, шляпи кIел муха даханера хьо?

Амма Васькас дуьхьал жоп ца делира. «Хур» деш-м дара иза, серлонах бIаьргаш а хьаббина.

Гочдинарг – МУРТАЗОВ Iадлан
№14, чиллин (февраль) беттан 24-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: