Луларчу регионашкахь

Къилбаседа Кавказан республикашкахь дийнна цхьамогIа хиламашца билгалдаьккхира бераш лардаран Дуьненаюкъара де: цхьаьнакхетарш дIадахьарца, царна лерина йолу учрежденеш схьаелларца, тайп-тайпана экскурсеш вовшахтохарца. Царах цхьаболчарах лаьцна дуьйцу тахана «Даймохк» газето.

 Берийн керла бошмаш

 

Пятигорск. Россин Президентан Путин Владимиран майхьлера Указаш кхочушдаран гурашкахь хьалхарчу июнехь цхьаьний схьайиллира кхузахь берийн кхо беш: «Светлячок», «Казачок», «Колокольчик». Хьалхарчохь 280 меттиг ю, шолгIачохь – 140, кхоалгIачохь – 280 меттиг. Аьлча а, ерриге 720 меттиг. Цо таро хилийтина гIалахь-курортехь берашна меттигаш цатоаран хьал орамашкара хийца. Дай-наноша даггара баркалла боху гIалин куьйгалхочунна Л.Травневна, оцу кхаа бешана бух ботта болийчхьана дуьйна тIаьххьара белхаш чекхбаххалц и гIуллакх цо шен хIора дийнан тергонехь латтийна хиларна.

Бошмашкахь кхачойина бераш дуьйшучу а, ловзучу а чоьнашна оьшуш йолчу йийбарца, кхачанан блокехь, лоьраллин кабинетехь, спортан зала чохь дIахIиттийна кхузаманахьлера тоьлла гIирсаш. Йолуш ю бассейнаш а. Вовшахтоьхна лаккхара корматалла йолу кхетош-кхиорхой, берийн Iуналла деш берш, кхача кечбеш берш.

Берашна леринчу учрежденех къамел хьакхаделча гIалин администрацехь тидам тIебохуьйту дуьххьалдIа тIаьхьарчу шина шарахь 1410 меттигна лерина йолу ялх беш схьайиллина хиларна. ХIинцца схьайиллинчу кхаа бешана 518 миллион соьмал сов долчу ахчанах харжаш йина.

 

 

Зоопарке – маьхза

леча 2

Нальчик. Бераш лардаран Дуьненаюкъарчу дийнахь даздаран цхьамогIа гIуллакхаш вовшахтуьйхира гIалин администрацис. Ламасталле дирзина схьадогIуш ма-хиллара, шахьаран аттракционашка а, зоопарке а 12 шо кхачаза долчу берийн маьхза даха йиш яра оцу дийнахь.

Iуьйранна цхьайтта сахьт даьлча искусствийн берийн школин дешархоша муниципальни коллективашца цхьаьна концерт-марафон дIайолийра. Ткъа шийтта сахьт даьлча «Дуьне берийн бIаьргашца» аьлла болу конкурс-гайтам схьабиллира. Иштта дIадаьхьира берийн троллейбусан деза де. Могашалла дика йоцчу берашна лерина музыкан театрехь берийн мюзикл хIоттийра. Оцу дийнан даздарш дIадерзош пачхьалкхан концертийн зала чохь похIма долчу бераша а, «Камерата» оркестро а концерт дIаяьхьира.

 

 

Нанна – хIоллам

 

Магас. Цхьа шо хьалха кхузарчу ворхIалгIачу микрорайонехь схьайиллира «Россин наной» аьлла йолу аллей. Цигахь дакъалецира 62 регионерчу зударша – «Россин наной» аьлла болчу Ерригроссин юкъараллин боламан декъашхоша, шайна юкъахь сенатор Петренко Валентина, Пачхьалкхан Думин депутат Баталова Римма, актриса Кириенко Зинаида а йолуш.

Ткъа хIинца бераш лардаран Дуьненаюкъарчу дийнахь оцу аллейхь даздаран хьолехь дIахIоттийра Нанна лерина болу хIоллам. Цигахь дакъалоцуш бара Россин Турпалхой Нальгиев Руслан, Костоев Абубакар, меттигера депутаташ, регионан бахархой, Магасерчу школийн дешархой.

ТIехьа схьагуш бIаьвнаш а йолуш, кхаа бераца лаьтташ ю гIалгIайн ламасталлин духар дуьйхина зуда. ХIолламан автор ю ГIалгIайчоьнан культурин министерствос дIаяьхьначу конкурсехь толам баьккхина йолу суьрташдахкархо Ильясова Индира. Ларамаза нисделла дацара иза берийн дезчу дийнахь схьабеллар. Цо гойтура юкъараллехь нене болу сий-ларам боккха хилар, берийн тахана долуш долчун, хиндолчун гIайгIабар кхузахь коьртачарах декхар лоруш хилар.

Кегийчеран могашалла

тояран туш

 

Владикавказ. Хьалхарчу июнехь кхузахь схьайиллина шена чохь 40 меттиг йолу коьрта нервни системин цамгар йолчу берашна лерина йолу реабилитаци яран туш. Иза схьайоьллучохь дакъалецира Федерацин Кхеташонан председатела Матвиенко Валентинас. Ткъа туш йина Къилбаседа ХIирийчоьнна тIера волчу сенатора Хацаев Олега йиллинчу «Лавар» фондо.

Кхо эзар квадратни метрал сов меттиг дIалоцуш йолчу лоьралла лелоран комплексехь билгалдина хишца дарба лелор, физиотерапия, меженаш меттахъяхарца доьзна долу талхораш дIадахар. Туьшахь иштта йолуш ю леррина терапи ярна лерина говраш дIахIитто меттиг, манеж, тайп-тайпана ловзарш дIадахьарна лерина майда.

Ишттачу дийнахь туш схьаеллар къаьсттина маьIна долуш хилар билгал а даьккхина, Матвиенко Валентинас тидам тIебахийтира республикехь берийн гIайгIабар коьртачу меттехь лаьтташ хиларна. Туш йилларехь дакъалаьцначарна цо баркалла элира берашна сел доккха хазахетар дарна.

Хаамаш кечбинарг –Л.МАГОМАЕВ

№ 62, шот, 6 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: