Делан Къуръан хила а хиллера дас лардинарг

Нохчийн халкъ махках даьккхина 77 шо кхочу хIокху шарахь. Вайн махкахь дукха бисина бац, 85–90 шо долу, и де дагадогIу нах, амма, цу дийнахь кху дуьнен тIе довлаза хиллачу вайн синош, вайн халкъ доьхна-даржийначу, хIаллакдеш-талор даран тезетахь хилла. Ца хиллехь, хIоразза а и де дагадеача я чиллин (февраль) беттан 23-гIа де тIедеача, сел лазаме, Iовжаме и тIе хIунда оьцу вай?

Вай ца хилла, амма вайн дегIан чкъуран хIора хоршаца, хIора чоца, хорша йогIуш, хорам хуьлуш, харцонах бакъо хиларан тоьшалла ла ца луш, къурд хIунда бо вай?

Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман дакъалацархой нохчий хилла хиларх а, цара турпалаллин хьуьнарш гайтаран а хIора шарахь керл-керла тоьшаллаш карош синтем хуьлу, мел тIаьхьа делахь а.

Уьш-м кхин генара а, шерашкахь леха дезаш а хир дацара, «чIогIа къайлаха» болчу бухара хьаладаьхчахьана. Царна а цхьа хан йогIур ю. Амма оьшуш нах хир буй-те? Иза а ма ду лазаме.

Вайн дерриге а халкъо а, хIора а стага ша-ша Iаьвшина хало, харцо, шело, мацалла, лахьта доцуш, кошан-барз, чурт доцуш, хийра латта шайн даьIахкашца хьандеш аьчканекъан йистошца буьсуш, новкъа баьхначара а; гIорасиз цIахь биснарш, воккхалла-жималла ца лоруш, тоьпан алуца мерцинчара а. Ткъа омра кхочушдалур дац аьлла хеттачохь, говрийн божалахь, жоьжахатийн цIарца бIеннашкахь багош хIаллакбинарш? Муьлххачу хIуманна а зама оьшу, олу вай, цо ширдо, амма диц ца до. Цундела деха вайн кхетамехь нохчий махках баьхна де кху 76 шарахь… .

Итон-Кхаьллан кIоштара ламанхой Казахстанан Талды-Курганан областан Гвардейски кIоштарчу ярташка нисбелира – Панфиловка, Развильни, иштта кхечанхьа.

Даьхни лелочу эвлайистерчу божалашка дIакхиссинарш паччахьан петаршка нисбелларш хеташ дара гIуллакхаш. Кхайкхаза баьхкинарш оьшуш меттиг маца, мичахь хилла, цу тIе, нохчий схьакхачале, «нах буу нах балабо» боху питана бухахь, «хIайтъаьлла», кхерсташ дара.

Кхин генарчу «хьами» хьола тIехь Iаш бацара цигара казахаш а, оьрсий а, амма мацалло, шелоно бойъуш бацара, шайн цIахь а бара.

Махках баьхначарех, ца леш, бIаьстенга ваьлларг, гурахь кIа-борц хьаькхначу ара ялтин буртигаш лахьо воьдура. Цхьаццанхьа и буьртигаш лахьор а дихкина дара. Цу тIе, массеран а чохь вацара шийла мох хьоькхучу арахь лай кIелара буьртигаш лахьо гIора дерг.

Развильни юьртахь болчу ламанхойх а бара царах мадар хилла кIелхьарабевлларш. Кха тIера лоьхкуш ца хьийзабахь а, хьан хIун до дика хаьара меттигерчу луьрачу Iедална – комендантана. И вара кхарах хуъа а дан бакъо ерг. Кхара доьIу са а дIаяздеш вуй-те аьлла хетачу цо, цхьана дийнахь лаьцна дIабигна хьийзийра ламанхой а, цара ларам беш ву аьлла Низамудди а.

Мел гIиртича а, комендант а, цуьнан хьадалчаш а кхетар болуш дацара Къурайшийн тIаьхьенах волчу Низамуддин доьзалца ламанхойн болу ларам.

Кхин зен ца деш цIа баьхкира хIорш. Ша бахьана долуш, кхарна бохам баларна кхоьручу Низамуддис дехар дира: шайн рицкъ а Делехь дара, шаьш а цхьа доьгIнарг дийр дара, оцу шайн кIа-борц кананах тхуна дакъа ма-дахьара аш аьлла.

Дала ларвинарг кIелхьараволура комендантах, ткъа иза, шен-шен хенахь, тхох дерг-доцург хаа, таллам бан вогIура, – дагалоьцу Низамуддин кIанта Сайд-Хьусайна. – Цхьана дийнахь комендант вогIий хиира тхуна, амма чу ца вогIуш, сени чуьра юхавоьрзу иза. Арахьаьжначу тхан йишас боху: Дада, вайн Къуръан даьхьи хьуна цо. Цу сени чуьрчу хIуманаш хьалатосургана тIехула цхьа бен йоцучу бехчалга юккъехь къайладаьккхина дара ден Къуръан. БIаьрнегIар тухучу юкъана араиккхинчу дас, вортанна тIера лаьцна, юханехьа сени чу туху комендант, оззийна цуьнгара Къуръан схьа а доккхий, юха аракхуссу цо иза. Кхин «ир-бир» ца олуш, ша цхьанна а гой-те аьлла, дIасахьаьжна, дIавахара комендант. Нана йоьлхуш яра, хIинца хьо лоцур ву, чувуллур ву, бала би ахь вайна, IадIе ца мегара бохуш, тхо а Iадийна, дIатийна Iаш дара, да, иштта, оьгIазвахана цкъа а гина вацара тхуна. «Цхьа а хIума хир дац, Делан Къуръан ду ас лардинарг«, – элира дас. Масех дийнахь, иштта, сингаттаме хьал лаьттира тхоьгахь, амма цхьа стаг и гIуллакх дохьуш ва-м ца веара. Баккъал а, Делан Къуръан хила а хиллера дас лардинарг.

Т.АЛИЕВА
№14, чиллин (февраль) беттан 24-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: