Буй тохаро тесна доттагIалла

Казахстанан Талды-Курганан областан Гвардейски кIоштарчу Развильни юьртахь дIатарбинчу махках баьхначу нохчашна, мелла а хене бовллал ялта а, бежана-уьстагI а деллера меттигерчу Iедало. Колхозе балха дIаэцнарш а бара.

ТIаьхьалонан ойла йина, схьаеллачух мадар йинарш а, хIан-хIа, вай цIа дохуьйтур ду, и къахьега ца оьшу бохуш, тIаламазаллица яйъинарш а бара.

Къурайшийн цIийнах хиларна шега ларам буйла хуучу Низамуддис, шен дIахезехь аьллера, шина кIиранах некъ беш, схьадалийна вай юхадуьгур ду бохург теша хала гIуллакх ду. Дела воцчунна ца хаьа вайн рицкъ кхузахь мел ду, цундела, беш дIайийна а, колхозе балха араваьлла а, бежана-уьстагIна тIаьхьа дохкуна кхиийна а дIанисдала хьовса деза вай.

Ша а колхозе балха араваьллера Низамудди. Цуьнан масалца балха дIанисбелларш а бара, цIа сатуьйсуш, цанисбелларш алсамо а бара.

Балхахь волчунна (нохчаша олуш ма-хиллара) «турдде» а яздора, ялта а кхочура, доьзална а, шена а ца даллал таро ялора.

Сибрехан чIагIаллица тIекхечира рогIерчу шеран Iа. Мацалла хьаьвзира, цуьнан «даар хилларш» кIезиг бацара. Мацалла лахь а, нехан хIуманна тIе ца кхевдаш, бист ца хуьлуш, белларш а бара.

Балхахь боцурш, масех стаг вовшах а кхетта, колхозан хьаьттара ялта лачкъо аьтто лоьхуш хилар тосаделлачу Низамуддис, шен долчух ша дакъа дийр ду а аьллера, къола дар чIогIа мага а ца динера.

Амма, цара дина къола гучуделира. Колхозан сайра йиллина, цу чуьра масех гали ялта лачкъийна боьлхурш, гена воццуш Iачу Низамуддин кертахула чекхбевллера.

Iуьйранна лорах деанчу Iедало Низамудди лецира, чохь долу кIа-ялта цхьа буьртиг ца буьтуш дIадаьхьира. Лаьцначун бехк боцийла а, бехке мила ву а хууш дара, амма уьш хьаха а ца беш (кхин кIарглахь бен хьал толур дацара), Гелагаев Юсуп хьалха а волуш, Низамуддин кIелхьараваккха некъ лаха арабевлира меттигера нохчий.

Ялта лачкъор луьра хIума хиларан шеко яцара, хууш дара, ялта хьаькхначу арара кIен кана гулйина каравахнарг а 10–15 шо хан тоьхна, набахте вахийтар.

Лаьцна Низамудди чохь бохку нохчий болчу кхечира. Холчохь а, вочу хьолехь а бара уьш. Тутмакхаша дийцарехь, набахтин куьйгаллел а чIогIа кхарна ницкъ беш цхьа кхо «бIотIа» яра.

Кхеран доьзалийн-м цхьа а аьтто а бацара, нагахь цхьаъ нисделла, юург чукховдо таро хилча а, цу кхаа бIотIано схьа а ца кхочуьйтура.

Набахтин кхачанца бисинчу кхеран де-дийне мел дела а гIора оьшура.

Вай тахана къастор ду и гIуллакх, – элира Низамуддис.

Ши метр ца кхоччуш, лекха а, онда а волу Низамудди муьлххачу а бIотIица ша ларалург хиларх тешна вара, амма набахти, кхунна ца девза низам долу «пачхьалкх» яра.

Уьш дуккха а бу, цу тIе, Iедал а цаьргахьа ду, вай тоьлар дуй-те, – шеконца бохура гIорасизчу тутмакхаша.

Я летта, тоьлар ду вай, я эшна, лийр ду вай, кхин некъ ца го суна, – элира Низамуддис, – дов ас дIадолор ду шуна, со ларош ца хуьлий, аш шайга далург де.

Дукха ца хьелуш, чоьхьабевлира ондий тутмакхаш. Царна гира тIевеана керланиг, иза шек а воцуш, куьйгийн пIелгаш хьийзош Iаш вара. Цхьаъ тIевеара кхунна: – Больше ничего не умеешь?,– хаьттира цо.

Могу и так, – пIелгаш вукху агIор хьовзийра Низамуддис, цу минотехь, тIевеанарг кхин вистхила кхиале: – И так тоже могу, – аьлла, хьалаиккхинчу Низамуддис, оцу хье юккъе буй тоьхна, дIакарчийра бIотIа. ДIа вовшах хьаьрчира тутмакхаш.

Чохь акха маьхьарий девлира, неIарна тIера кор диллина чухьаьвсира тIехьовсуш берш, амма сихха дIакъевлира, неI дIа а ца йиллира я чоьхьа а ца бевлира.

Шина а агIор берш гIелбелла охьаэггалц летира хIорш. ХIинццалц, аьшнаш беш, бала бохьуш, хьийзийначу нохчийн тутмакхийн толам болуш дIадирзира дов, цул тIаьхьа хьийцаделира кхеран хьал а.

Чохь дохкучу дуккха а беттанашнахь, мацалла де эшна долу тхо, Низамуддис сеца а деш, дукха ма яа, совъяьлларг бале ер ю шуна бохуш, цу буса сискалх Iебира, – дийцинера цул тIаьхьа дуккха а хан яьлча, цу чохь хан токхуш хиллачу нохчаша.

Тутмакхийн дахар цхьаьнаэшшара дIадоьдуш дара, хIорш боьллера шайн хьал тодаларх. Амма арахь берш а бацара мукъа Iаш, Делан къинхетамца, Низамуддин бехк цахиларх Iедалан векалш тешабелира цаьрга.

Дов хатта цкъа а тIе кхайкхина воцу, хIара, мукъа воккхуш, дIадирзира колхозана къоладар.

Цхьана Iуьйранна неIаран корах чу кхайкхийра: – Сайдаев, с вещами на выход!

Низамудди кхечанхьа воккху я мукъа воккху хууш дацара цхьанна а, кхунначул а гIайгIа яра бухахь буьсучарна.

Мал ма ло шу, урх дIа ма хеца, меттиг паргIат ма йиталаш, шу ца ларалуш хилахь, со юха кхочур ву шуна!, – дог ир-карахIоттош элира Низамуддис.

Цул тIаьхьа пхи-ялх шо делира. Сталин а велира. Махках баьхначеран хьал а дикачу агIор хийцадала доладелира.

«Развильное» колхозан куьйгалхо а хийцира. Цхьана дийнахь, балхахь воллучу Низамуддига дIакхайкхира керлачу председатела.

Здрасти, – аьлла, чоьхьаваьллачу кхунна стоьла йистехь Iаш цхьа онда оьрси гира. Леррина кхуьнга хьажа а хьаьжна:

Сайдаев, ты что, не узнаешь меня?,– хаьттира цо.

Мел хьаьжча а дага ца веара кхунна иза.

А это помнишь?, – шен кагбинчу меран дукъ гайтира цо.

Сейчас помню, – жоп делира Низамуддис, хIара хIинца даржехь ву, шена динарг дIадекха там бара кхуо аьлла, ойла хьадира кхуьнан коьрте.

Могу повторить, – тIеволавелира Низамудди, – и тешна вара, цкъа дуьнен тIе а ваьлла, цкъа бен лийр а вац, амма вийна ца валахь, эшна юха-м вер вац.

Нет, нет, я тебя не за этим позвал, – элира председатела, хьала а гIоттуш, – за то, что ты настоящий мужчина, хочу дружить с тобой, – кхуьнга куьг кховдийра цо.

Председателан стоьла тIехула доттагIаллин чIагIдеш куьйгаш вовшахтесира цу шимма.

Нохчий шайн махка цIа боьрзуш дIасакъасталлц, доттагIаллина тешаме а волуш чекх а велира и шиъ.

Т.САРАЛИЕВА
№14, чиллин (февраль) беттан 24-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: