«Иштта баьхна вайн дай» гайтаман мехалла

2021-гӀа шо Россин Федерацехь Ӏилманан а, технологин а шо ду аьлла, дIакхайкхийна ду. Цуьнца доьзна дукха проекташ кхочушъеш ю Россин регионашкахь.

Кхоллараллин агӀор «Этноперемена» а, талламан агӀор «Веб-экспедици» а, довзийтаран агӀор «ФолкУрок» а проекташ кхочушъеш ю. Ткъа и ерриге а проекташ «Дешархошна лерина халкъан культура» аьллачу Ерригроссин акцин гурашкахь кхочушъеш а ю.

Оцу акцехь дакъалоцуш бу дешархой, хьехархой, кхитӀе а долчу дешаран учрежденийн белхахой, культурин-садаӀаран учрежденийн, клубийн цхьаьнакхетараллийн куьйгалхой.

Нохчийн Республика а яц оцу боламна юьстах Ӏаш. Иштта, хIокху деношкахь, Невран кӀоштарчу Фрунзенски юьртан Культурин цӀийнан исбаьхьаллин куьйгалхочо Яшадова Малкана дийцира шайн кхерчахь вовшахтоьхначу «Иштта баьхна вайн дай» музейн гайтамах лаьцна.

Хьовсархойн тидам тӀегӀур болуш, шира экспонаташ ю гайтамехь.

Хьалха заманахь нохчийн хӀора а доьзало пайдаоьцуш хилла хӀуманаш ю уьш. Масала: кӀудалш, кхабанаш, кIорица йохъеш хилла иту, урчакх, дечкан пхьегӀаш, тӀобоккхург. И дерриге а муха хилла дуьхьал хӀотталур долуш яра нохчийн шира ков-кертан мини-макет.

Оцу хӀора эскпонатах лаьцна дийцира культурин белхахочо. Ткъа царах лаьцна дийца дукха ду. Нохчийн къоман гӀиллакхаш, ламасташ карладохуш ю уьш.

«Хьалха заманахь зуда шовдане а яхана дан дезаш дара чохь юучунна-молучунна лелош долу хи. Шовдана йистехь гора, евзара йоӀ. Зудчо карлаьцначу кӀудале хьаьжча хаьара иза нехан цӀентӀехь ю-яц. ТӀобоккхург мелла а таро сов йолчу нехан бен ца хуьлура, амма бежанаш хӀора кертахь хуьлура. Шовдане йоӀ ган баьхкинчу кегийчу наха хаза гӀиллакхаш леладора. Урам-новкъахь йоӀана улле хӀиттина шаьш богӀуш баккхийчарна ца гойтура къоначара. Ларам, эхь-бехк сийлахь дара», – бохуш дуьйцура Малкана.

Иштта, шен халкъан селхане евзаш дечу къамело, дӀаяханчу заманах хьагавой вуьту.

Дешархойн дегнашкахь къоман культурин мехаллашка безам кхуллу и тайпа гайтамаш вовшахтохаро.

И тайпа гайтамаш вайн республикин ерриге а кӀоштийн культурин а, садаӀаран а учрежденешкахь хир бу аьлла хета.

«Дешархошна лерина халкъан культура» акци хӀокху Ӏай а, бӀаьста а дӀахьур ю. Проект кхочушъеш ю Россин Федерацин культурин министерствон а, Россин серлонан министерствон а, В.Паленовн цӀарах долчу Халкъан кхоллараллин пачхьалкхан цӀийнан а дӀадолорца.

Кхолламан (январь) беттан 13-чу дийнахь дуьйна дӀахьош ю оцу проектаца акцеш.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№14, чиллин (февраль) беттан 24-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: