Нохчийн Республикин М.Лермонтовн цIарахчу оьрсийн драмин театран репертуарехь тIаьхьарчу хенахь гучуяьлла «Борз-Iелин цIаверзар» спектакль.
Къилбаседа Кавказехь дика вевзачу яздархочун Нунуев Сайд-Хьамзатан пьеси тIехь къоначу режиссера Хамзатов Ахьмада хIоттийна иза вайн халкъан таханлерчу дахаран аьзнех юьзна ю.
И самукъане комеди язъян охьахаале вайн махкарчу дахаре, халкъан забаршка, таханлерчу Iер-дахаран кепе сирла бIаьргтоьхна хилла автора. Цундела хьовсархойн хьажа дог догIу «Борз-Iелин цIаверзаре», цунах самукъадолу, схьаэца алссам пайдехь дерг ду цуьнца.
Спектаклан сюжет чолхе яц. Тахана вайна юкъахь долчу кега-мерсачу кхачамбацарех а, цхьаболчу нехан айпечу амалех а забарца дуьйцуш ю иза.

ХХ–ХХI-гIий бIешераш хотталучу муьрехь Нохчийчохь кхихкина буьрса тIемаш, федеральни эскаран цхьаболчу векалша лелийна къизаллаш бахьанехь, махках ваьлла жима стаг ву, кхин цкъа а дай баьхна латта дIа ца таса, цIавоьрзуш. Цуьнан цIе Борз-Iела ю.
Боккхачу кхиамца кхоьллина спектаклехь Борз-Iелин васт Нохчийн Республикин хьакъволчу артиста Мишаев Рудольфа.
Борз-Iела воккхаве Нохчийчу ша могаш-маьрша цIакхачарх, вайн махкахь дIахIоьттинчу машаречу дахарх, аэропортехь дуьхьалкхеттачу накъостех.
Кхуьнан бераллин накъостий, Муслим а (арт. Исламов Висхан), Сулим а (арт. Сабдулаев Хьасан») – тахана таксисташ хилла, хьанал къахьегарца, напха доккхуш бу.
Амма, болх мел хала белахь а, шайн бераллехь хилла забарш ца йитина цара. Цара беламе боккху кхин Даймахках ца вала Борз-Iелас биъна дуй. Цкъа а хилла доцу декхар дIадеха, дов дохьуш Белита (арт. Ибрагимова Румиса) йоуьйту цара.
Нехан зудчуьнца девне ца вала, шена тIехь доццушехь, и декхар дIадала Борз-Iелас тIелаьцча, тIаккха автоинспектор Балдаев воуьйту (арт. Зайтаев Рашид), Европера цIавирзина шайн накъост хьовзо.
Цо а чам боцуш чехаво Борз-Iела иттех шарахь цхьа чкъург карчоза йолчу машенан кехаташ дIадоьхуш, «аптечки чохь» хIун молханаш ду талламаш беш, кхидолу кхачамбацарш лоьхуш. Цунна а собарца сатухий, ков-кертахь шен дан дезачу гIуллакхашна тIевоьрзу Борз-Iела.
Цунна ца лаьа цхьаьнцца а девне вийла, иза маьршачу дахарх хьаьгна ву. Цул сов, лулара хаза йоI Асет (арт. Авзаева Хеда) а ю Борз-Iелига безамца бIаьргбетташ.
Цхьа фермеран бахам кхоьллина, хьанал къахьоьгуш, мерзачу безамца Асетаца ваха хаа дегайовхо кхобуш ву жима стаг.
Амма дерриге а (кхуьнан дагахь дерг а, доцург а) хууш волчу Муслима, Сулима, сельсоветера хьаькам Замани (арт. Музаева Залина) дуьхьалйоккху пекъарна, кредит эца оьшу цхьа а кехат (справка) кху пекъарна ца долуьйтуш.
И дерриге забарца леладо шина доттагIчо, Борз-Iелига дай баьхначу лаьттах кхин ца къаста биъна дуй къарбайта лууш. Амма, дерриге а дуьне дуьхьалдалахь а, и дуй къарбийр болуш вац Борз-Iела. ЦIахь лайна, гина йолчу халонех мерза гIан тардина цунна Европехь Даймахках хаьдда леларо.
Ур-атталла, ломарчу юьрта газ ялор а бале долу Борз-Iелина. Газ юьрта ялочу белхалоша ларамаза цхьа биргIа хIоттайо Борз-Iелин кертан маьIIе.
Амма лулахочунна Асмартана (арт. Авзаева Марха) дозанал арахьа оьзна и биргIа Борз-Iелас хIоттийна моьтту шен дакъа шордеш.
ТIаккха, дуьне Iадош санна, мохь-цIогIа олий, Асмарта шен хIусамда Донда (арт. Махаури Iаьлви) аракхуссу и биргIа юхаозийта.
Делан къинхетамца, цIий ца Iанош, дIадоьрзу и доккха дов, гIовгIанна тIекхаьчначу газовикаша и биргIа шаьш хIоттийна хилар дIахаийтича.
ЧIогIа самукъане спектакль ю «Борз-Iелин цIаверзар».
Хьовсархой гIадбахана боьлу сцени тIехь гушдолчух. Спектаклан юьххьехь дуьйна шайна тIеозийна тидам, кхин мал ца болуьйтуш, каде хьийза сцени тIехь таксистийн васташ кхоьллина артисташ Исламов Висхан а, Сабдулаев Хьасан а.
Говзаллин лаккхарчу тIегIанехь ду цара кхиамца кхоьллина таксистийн васташ.
Спектаклан боккха кхиам бу Заманин васт. ПохIмечу актрисас Музаева Залинас беламе гайтина иза.
Буьрсачу тIеман чолхечу заманахь вайна гина, девзина васташ иэсехь карладохура актрисас кхиамца кхоьллинчу «йоккхачу хьаькаман» Заманин васто.
Ткъа Махаури Iаьлви вист хуьлуш вацахь а, сцени тIехь иза схьагаро а вела дог доуьйту. Башхачу актера лаккхарчу тIегIанехь йолчу корматаллица кхуллучу васташа самукъадоккху хьовсархойн, забарца церан догъэца хаа цунна. ПохIме актер ву I.Махаури.
Спектаклехь цо кхоьллинчу вастехь Iанаоьхуш яра халкъан забар, нохчийн ярташкарчу ламанхойн догцIеналла
Иштта, хьовсархойн дегнашка кхийдаш, самукъане ду Махаури Iаьлвис дукхахйолчу спектаклашкахь кхоьллина васташ а.
Цхьана а кепара шеко йоцуш, говзаллин лаккхарчу тIегIанехь кхоьллинера спектаклехь Мишаев Рудольфа коьртачу турпалхочун васт. ДогцIена адам ду цуьнан турпалхо. Цкъа мацах дебначу сингаттамаша, денна хьекъаш лаьттинчу гIайгIанаша махках ваьккхиннехь а, аренца гездинчу некъаша кхетийна Борз-Iела синпаргIато луш, дай баьхначу лаьтте а кхочуш доккхачу дуьненан цхьа а маьIиг а цахиларх.
Говзачу актеран аьтто белира хьовсархойн дегнашкахь Даймахке безам чIагIбан, диканах уьш тешо, нохчийн халкъан зовкхечу кханенах дегайовхо кхолла.
Дика спектакль ю Хамзатов Ахьмада Нунуев Сайд-Хьамзатан пьеси тIехь хIоттийнарг.
Дай баьхна латта дезаре, цуьнан сий-пусар даре, нохчаллех къилба дина вахаре кхойкхуш ю «Борз-Iелин цIаверзар» спектакль.
ГАЗИЕВА Аза
№14, чиллин (февраль) беттан 24-гIа де