Кху деношкахь Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу мемориальни «Сийлаллин Аллей» комплексехь хилира «Бераш – некъан бохамна дуьхьал» цIе йолу республикин берийн изобразительни искусствон гайтам.
Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Парламентан Председателан заместитель Юсупов СаIид, республикин МВД-н УГИБДД-н хьаькаман заместитель, полицин полковник Танталашев Адам, Россин Федерацин ГИБДД-н Нохчийн Республикин урхаллин пропагандин отделан хьаькам Кадимагомаев Лом-Iела, Нохчийчоьнан Культурин министерствон дешаран-методикин туьшан директор Саиев Iумар. Шен къамелехь Юсупов СаьIида элира:
– Вайн бераш похIма долуш ду. Тахана, шун суьрташ гинчул тIаьхьа, кхин цкъа а чIагIъели сан цу хьокъехь йолу ойла . Кегийрхоша дика деша деза. ХIоранна а йовза еза некъан бакъенаш. Уьш ларъян декхарийлахь ву хIора а. Некъан бакъенаш ларъеш хилча, некъан бохамаш а хир бац.
Гайтамехь дакъалоцуш республикин исбаьхьаллин 23 школера дешархой бара. Цигахь д1ах=1оттийна бара 120 сов болх. Царна юкъахь Донецкерчу а, Луганскерчу а берийн суьрташ дара.
Гайтаман дакъалацархошна мехала совгIаташ а, некъан бакъенаш тIехь йолу буклеташ а елира. Цхьаьнакхетар дерзийра вевзаш волчу иллиалархочо Ясаев Мохьмада а, къоначу иллиалархочо Джабраилов Шерипа а иллеш аларца.
З.ЛЕЧИЕВА
Авторан сурт
№ 62, шот, 6 июнь, 2015 шо