Къоман баьччин куьйгаллица эшийна Нохчийчохь терроризм

ХӀокху деношкахь дӀаяьхьначу Федеральни кхерамазаллин службин коллегехь, Россин Федерацин Президента Путин Владимира лаккхара мах хадийна Бютукаев Асланан гӀера хӀаллак а еш, дIадаханчу шеран чаккхенехь нохчийн бакъонашларъяран органаша дӀаяьхьначу операцин.

Оцу хьокъехь хаам бинчу Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана билгалдаьккхина Россин Федерацин Президента и операци дӀаяхьар маьӀне хилам хилла хилар, бух а болуш, дӀахьедина хилар.

«Къоман баьччин даггара баркалла боху вай, хӀунда аьлча, цуьнан куьйгаллица дуьненан исторехь а дуьххьара эшийна дуьненаюкъара терроризм. Нохчийн Республикехь юкъараллин къепе а, кхерамазалла а дӀахӀотторехь а, бакъо а йоцуш герзаш лелош йолу гӀеранаш хӀаллакьярехь а Владимиран Владимира гӀо-накъосталла дар коьртачу Ӏаткъамех цхьаъ дара. МаьӀне ду, бандитийн тӀаьххьарлера гӀера хӀаллакьяр а, Президента дакъа а лоцуш, вай дӀадахьар – хьал шен тергонехь латтийра цо и операци чекхъяллалц», – хаийтина Нохчийн Республикин Куьйгалхочо.

Иштта, Нохчийн Республикин МВД-н Нохчийчоьнан хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу полицин лерринчу хьаштийн полкан бIаьхойн а, церан буьйранчин Чалаев Замидан а майралла а, говзалла а хастийна Кадыров Рамзана.

«Бертахь а, каде а, майра а чекхбевлла уьш и операци дӀаяхьарехь. Цундела, бекхамах хьалхабовла бандитийн цхьа а агӀо ца йисира», – дерзирна шен къамел республикин Куьйгалхочо.

И.ХАСАХАНОВ
№15, чиллин (февраль) беттан 27-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: