Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмираташка ваханчу хенахь, Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан цхьаьнакхийтира Дубайн элица Хьамдан бин Мохьаммад бин Рашид Аль Мактумца.

«Цо даима а, уггаре а веза хьаша санна а дика тIеоьцу со. ХIинца хиллачу къамелехь а цо билгалдаьккхира Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмиратийн махкахь со сайн цIахь, сайн Даймахкахь волуш санна паргIат хила мегарг хилар а, шена вайца йолу вежараллин, доттагIаллин юкъаметтигаш а, ткъа иштта Россина а, ОАЭ-на а юкъахь вовшашна санехь долу цхьаьнагIуллакхаш дар а чогIа деза хилар», – яздина вайн регионан Куьйгалхочо «ВКонтакте» йолчу шен агIонехь.
Цо дийцарехь, оцу цхьаьнакхетарехь дийцаре дира коронавирусан ун даржарца доьзна дуьненахь кхолладелла хьал.
Нохчийн Республикехь а, ткъа иштта, Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмираташкахь а шен хеннахь дозатохаран, бехкамаш баран гIуллакхаш юкъадалоро, бахархошна юкъахь кхелхинарш дукха боцуш, оцу пандемица ларо таро елла хилар а хьахийра цара.
«Коронавирус яржарна дуьхьал дIахьош хиллачу къийсамехь вайн республикина а, Къилбаседа-Кавказан федеральни округерчу субъекташна а гIо дарна ас баркалла элира Эмиратийн куьйгалхошна. Вай лаккхара мах хадабо вайга кховдийначу вежараллин а, доттагIаллин а куьйган. Иштта, ас вицепрезидентехула, премьерминистрехула, Дубайн Куьйгалхочуьнгахула Мохьаммад бин Рашид Аль Мактумехула ОАЭ-н куьйгалхой декъалбира космосан программа кхиамца кхочушъярца а, Марс талларна ОАЭ юкъаяхийтарца а. ЧIогIа воккхавеш ду оцу кхиамашна юкъахь Россин дакъа а хилар. 2019-чу шеран товбецан (сентябрь) баттахь Россин космонавт Скрипачко Олег коьртехь хиллачу дуьненаюкъарчу миссина юкъахь а волуш, «Союз МС–15» Россин космосан корабла тIехь дуьххьара космосе вахара ОАЭ-ра дуьххьарлера космонавт», – яздина Кадыров Рамзана.
Шина а агIоно билгалдаьккхира Россин а, Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмиратийн а, иштта, Нохчийн Республикин а, Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмиратийн а тайп-тайпанчу дакъошкахь йолу юкъаметтигаш, кхул тIаьхьа а, чIагIъярна берриге а ницкъаш тIебохуьйтург хилар.
Д.АНАДЕВ
№15, чиллин (февраль) беттан 27-гIа де