Республикерчу 19 эзар сов стага вакцинаци яйтина

Таханлерчу денна тIекхочуш, Нохчийчуьрчу 19 эзар сов стага вакцинаци яйтина COVID–19-на дуьхьал. Цу хьокъехь хаам бира Россин могашаллаIалашъяран министра Мурашко Михаила бахархошна медицинин гIо дар вовшахтохаран гIуллакхашкахула хIора кIиранан видеоселекторан кхеташо дIахьочу хенахь.

Оцу кхеташонехь дакъалоцуш вара, иштта, Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместитель Усмаев Вахит, Росздравнадзоран куьйгалхо Дачаев Юнади, Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министран заместительш Дудаев Мурат, Гадаев Iалам, Исакова Зарема.

Кхеташонехь дийцаре дира ун даржарца махкахь долу хьал, коронавирусан ун хьакхаделлачу дархошна медицинин гIо дар вовшахтохаран тIегIа, COVID–19-на дуьхьал вакцинаци яр дIадахьаран гIуллакх.

Иштта, цигахь дийцира «МогашаллаIалашъяр» къоман проектан территориальни программаш кхочушъярх а, могашаллаIалашъяран юьхьанцарчу декъана модернизаци яран программа кхочушъярх а лаьцна.

ТIаьххьарлерчу хаамашца нийса а догIуш, «Спутник V» вакцинин хьалхара компонент 19 эзар сов стаге дIакхачийна. Царах 5,4 процент берш кхузткъа шарал тIехбевлла нах бу.

Вакцинин шолгIачу компонентаца вакцинаци йина 4,5 эзар стагана.

№15, чиллин (февраль) беттан 27-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: