Нохчийчоьнан энергетикаша 2021-чу шарахь тойийр ю 132 коммутацин аппарат а, 750 трансформаторийн подстанци а. Цу хьокъехь хаам бина «Чеченэнерго» акционерийн юкъараллин пресс-службин белхахоша.

Цу тайппана белхаш дIабаьхьча дикка толур ду электроэнергица кхачояр, таро хир ю регионан электросерлонан комплекс Iаламан чолхечу хьелашкахь болх бан кечъян, къаьсттина тIех шийла а, тIех бовха а беанчу муьрехь.
Электросерлонан комплексе кхачам боллуш дика болх байтарна кхачояран Iалашонца къахьоьгуш бу хIора дийнахь говзанчаш.
Цхьана а дийнахь сацон йиш йолуш болх бац иза. Iаьнан шелонаш Iаьткъича, ткъес детташ догIанаш даьхкича, хиш дистича, Iаламан кхин чолхе хьелаш нисделча, цIе яларна кхерам ца хилийта гIерташ, электросерлонца кхачоярна новкъарло ца хилийта гIерташ болх беш ю «Чеченэнергон» ерриге а коллектив.
Оцу белхан цхьа дакъа ду трансформаторш тояр.
№15, чиллин (февраль) беттан 27-гIа де