Юкъараллин транспортехь – керланиг

Республикин транспортан а, зIенан а министерствехь министран заместителан Атаев Русланан цхьаьнакхетар хилира Сбербанкан нохчийн отделенин урхалхочуьнца Мизаев Русланца а, Нохчийчоьнан автотранспортан ерриге а предприятийн куьйгалхошца а. Цхьаьнакхетар вовшахтоьхнера министра Черхигов Рамзана.

Цигахь дийцаре дира «Россин Федерацехь (расчеташ ярехь) мах дIабаларехь тергонан-кассин техниках пайдаэцаран хьокъехь» №54–ФЗ йолчу Федеральни законан лехамаш кхочушбарна тIедовларан хьокъехь долу гIуллакх.

Нохчийчохь пассажираш а, церан ларчаш а дIасалелош йолчу ерриге а предприятеша кхочушбан безар болуш бу и лехамаш.

Сбербанко, герггарчу хенахь тесташ яран рожехь, ахча кара дIа а ца луш, нах дIасабигийтар юкъадоккхур ду — юкъараллин масех транспорта тIе терминалаш дIахIиттор ю.

«Транспортаца дIасавоьдучо ахча кара дIацадалар – иза заманан хьашто ю, хIунда аьлча, дукхахболчу бахархоша ахча лелош а дац», – билгалдаьккхира ведомствехь.

Хь.САИДОВ
№15, чиллин (февраль) беттан 27-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: