Дийцарехь а лан хала ду 1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 23-чу дийнахь хилларг. Ткъа 77 шо хьалха, таханчул а шозза шийла деанчу дийнахь, когашӀуьйра, махках баьхначу наха лайнарш, лацаделларш а дуьхьал хӀиттича кийрара мохь-узам болу. Вай дицдийр дац нохчийн халкъ махках даьккхина де.

Оцу муьрехь шелонах, мацаллах, цамгарех беллачарна тӀера сагӀанаш дохуш, и де дагалоцуш, Нохчийн Республикехь санна, вайн махкахой бехачу Иорданехь а, Казахстанехь а, Россехь а, Европин а пачхьалкхашкахь, гуламаш беш, цхьаьнакхетта бусалбанаш.
Иштта, Заркъахь йолчу «Сан сагIа сол хьалха ялсаманехь хир ду» аьллачу нохчийн юкъараллин организацин жигархошкара Хьаьж-Асхьабан Маремера а, Салмерзан Фейрузера а хаам кхаьчна «Даймохк» газетан редакце, цигарчу 4 юьртахь бехачу вайн наха 1944-гӀа шо дагалоцуш сагӀа даьккхина хилар хоуьйтуш.
Иорданерчу баккхийчу наха дийцарехь, 120 шо гергга зама ю уьш Иорданерчу паччахьан Iедало шайна деллачу десачу латтанашна тIехь керла ярташ (Сувайле, Сухне, Аз-Заркъе ярташ а, Заркъе гӀала а) ехкина бехаш болу (царах Заркъе 1 миллион сов вахархо волу гIала ю хӀинца).
«Вайн нахана тӀедеана хилла и доккха, ирча де цкъа а дицлур дац вайна. Урдунехь вайнах бехачу еа юьртарчу вайнаха а, цул сов, кхузарчу Ӏаьрбаша а, сурсаташ вовшахтоьхна, сагӀа доккхуш ду тахана. АллахӀа гӀазот къолбалдойла генарчу мехкашкахь кхелхинчу вайн махкахойн! Сибрехахь кхелхинчу вайнахана а, вайн дерриге а умматана а тӀера массеран сагӀа къобалдойла! АллахӀа Шен къинхетамах ма дохийла вай! ХӀокху «Сан сагIа сол хьалха ялсаманехь хир ду» аьллачу нохчийн юкъараллин организацин кхерчахь тхо кест-кеста цхьаьнакхеташ ду. Кегийрхошна вайн къоман гӀиллакхаш довзуьйтуш, нохчийн маттахь деша-яздан Ӏамош, зудаберашна бедарш тегар, къоман кхачанаш кечбан Ӏаморан а курсаш ю кхузахь. Бусалба хиларал сов, оьздачу гӀиллакхашца а дика дина Дала вайн халкъана», – билгалдаьккхира Марема а, Фейрузас а шаьшиннан къамелехь.
Баккъал а, хаза а, оьзда а ду бусалба дин. Дала къобалдойла церан сагӀа!
Хууш ма-хиллара, тӀаьхье а ца юьсуш, хийла дийнна доьзалш кхелхина вайн халкъ цӀера даьккхинчу шерашкахь.
Тахана, ишттачу нахана тӀера сагӀа даккхар а, уьш доӀанна юкъалацар а йоккха ял-мел болуш, доккха гӀуллакх ду.
Дала Ӏалашдойла шу, нохчийн халкъан оьзда йижарий!
З.ЭЛЬДЕРХАНОВ
№15, чиллин (февраль) беттан 27-гIа де