«Бовза, беза ненан мотт!» этнографин диктант язйира

Дерригдуьненан ЮНЕСКО организацин дIадолорца, 1999-чу шарахь дуьйна чиллин (февраль) беттан 21-гIа де дуьнен чохь билгалдоккхуш ду Къоман меттан дуьненаюкъара де санна. Цуьнца доьзна, Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманaн а министран Байсултанов Идрисан тIедилларца вайн республикин ерриге а кIоштийн а, гIаланийн а юкъарчу дешаран учрежденешкахь «Бовза, беза ненан мотт!» кхайкхамца регионан Этнографин диктант дIаяьхьира чиллин беттан 19-чу дийнахь.

Нохчийн меттан хаарш зеран Iалашонца йолу диктант хIоттийнeра Нохчийн меттан институтан говзанчаша. Диктантехь кхочушдан дезара 60 тIедиллар. Къоман мотт – къоман са ду. Къам дуьнен чохь хиларан а, цуьнан орамийн зIийдигаш эзар шерашкахь, ца хедаш, таханлерчу дийне схьакхачаран а, Iалашбелла хиларан а билгало ю мотт хаар, бовзар, хилар. Хууш ма-хиллара, нохчийн мотт шатайпаналла йолу цIена, оьзда, хьал долуш мотт бу. Лерсина аьхна бу, дагна дарбане бу вайн оьздачу дайх бисна нохчийн мотт. Вайн Наноша вайна юьту марзо ю Ненан мотт. Яхь йолчу хIора нохчичо буьйцур а бу, Iалашбийр а бу иза. Этнографин диктант дIаяхьар доккха маьIна долуш гIуллакх ду. Цуьнан Iалашо кегийрхойн ненан матте марзо кхоллар, меттан хазалла гайтар, шен къоман гIиллакхашна, ламасташна тIе тидам бахийтар ю. Этнографин диктантехь дакъалацар ненан маттехула долу шен хаарш зер ду.

Ишттачу диктантехь шена хууш дерг карла а долу, ца хууш дерг довза дог-ойла а хуьлу. Шеко йоццуш, чIагIдан мегар ду нохчийн мотт хаар зеран Этнографин диктант беркате гIуллакх хилар.

З.ХИЗИРОВА

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: