Ма дика кIант вара иза

ХIокху шеран кхолламан (январь) беттан 8-чу суьйранна, пхьуьйра хенахь ирча кхаъ кхечира Хьалха-Мартан кIоштарчу ГIой-Чу, некъан бохамехь Давлетмирзаев Висхан кхелхина, аьлла. Цкъа а некъан боламан бакъонаш ца талхорна совгIат дина волу иза, некъан бохамехь кхелхира. Висхан чIогIа ийман, гIиллакх, эхь-бехк долуш къонах вара, нахалахь шен дикаллица билгалваьлла а вара. Цхьа а шеко йоцуш, юьртан дозалла дара иза.

Шийтта шо хьалха, цIеххьана, даге лазар а деана, 47 шо бен доцу хIусамда – ТIаус а кхелхина, шен кхо бер а кхиош Iийначу Висханан нанна Кукина доккха тохар дара иза. ХIунда аьлча, Висхан доьзалехь воккхаха верг ма вара. ТIедеана вон лан ийман, собар, доьналла хилира ненан. Цунна, цуьнан доьзална, Висханан верасашна, юьртахошна хиллачу бохаман доккха дакъа кхаьчнера некъан бохамехь хотIе хиллачарна а. Шайн стаг бахьанехь хиллачу бохамна юьхьIаьржа хIиттинчу цара, оцу буьйссанехь, шайгара даьллачунна къера хилла, бехкала бахана, маслаIат лоьхуш, сий-лараме баккхий нах бахкийтира. Уьш Висханан верасаша, хиллачунна къурд бина, тIе а ийцира, Делан а, вайн Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) а, эвлаяийн а дуьхьа церан дехарна жоп а делира, царна тезета бахка бакъо а елира, куьгбехкечунна а тIехь. Кхечу кепара хуьлийла а дацара Висханца доьзна дерг. Доккха тезет хIоьттира. Нохчийчуьрчу дуккха а ярташкара адамаш даьхкира цига. Хьалха бевлла Iеламнах, къаной болуш, вуно йоккха тоба сецира эвла йисттехь. Цара тезетан верасашна тIе геланча ваийтира шайна тIедахка пурба деха. Царна пурба делча, и тоба гIелъелла, кортош охкийна, бехкала яхана, кетIахь сецира. Царна юкъахь масех стаг вара шайн яххьаш къайлаяьхна. Керта бахка бакъо елча, кадаман доIа а дайтина, шайна бистхила бакъо яьккхира Iеламнаха. Цара Къуръана тIера аяташ а, Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хьадисаш а далош, маслаIат даран, стаг чIирах хьалха витаран дозаллех лаьцна дийцира, бIаьрхиш а Iенош, адамаш а делхош. Церан дехарна жоп делира Висханан верасаша. ТIаккха шина а агIорнаш вовшашна мар-мара лелхаш, къинтIерабовла буьйлабелира. Хьулвеллачу стеган чIогIа велхар иккхира, кхелхинчун верасашна тIекхаьчча. БIеннаш адамийн бIаьргех ша-шаха хи хьаьдира дегнаш Iовжийра…

АлхьамдулиллахI! МаслаIат хилира царна юкъахь. Юха берриге а цхьаьна докъа-ламазна дIахIиттира. Царна хьалха охьабиллира Висхан тIехь волу барма. Шех ала дика дош дуьтуш, тIаьххьарчу новкъа волуш вара и къонах. Дуьххьара тоьшалла деш вистхилира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун хьехамча, Мартан-Чуьра Ельсаев Iаламахьад.

– Бакъдолуш, ийман чIогIа долуш, бусалба динан арканаш дукха лерина кхочушъеш, ламазца, мархица вара хIара. Даима вайн Элчанна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) салаваташ дохкуш вара. Тешаме, комаьрша накъост хилла чекхваьлла а вара… ХIокхо, сан бармина хьалха хIоьттина, сайна тоьшалла дийр ду моьтташ вара со, сан дийзи-кх хIокхунна тоьшалла дан. Дала гечдойла Висханна! Дала декъалвойла иза!..

Цул тIаьхьа а дукха тоьшаллаш дира цуьнан юьртахоша, хьешаша, белхан накъосташа. Уьш Шелара, БугIан-Юьртара, кхечанхьара бара. Массарна а дукхавезаш а волуш, цIеххьана хедира дикачу бусалба кIентан дахар. ГIой-Чохь керла долийначу кешнашкахь дуьххьара эхартан хIусаме вирзинарг Давлетмирзаев Висхан ву. Везачу Дала и хIусам нуьре йойла цуьнан!

Тхуна, цуьнан юьртахошна, боккха эшам хилла и кхалхар бахьана долуш. Тхуна чIогIа лаьа иза Iийначу урамна цуьнан цIе туьллийла. И тхан лаам меттигерчу администрацис кхочушбийриг хиларх тешна а ду тхо.

ИСМАИЛОВ Iаьрби

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: