Дечигах гIуллакхдаран завод йийр ю республикехь

(5-гIа июньгуонахара Iалам лардаран дуьненаюкъара де)

SAMSUNG DIGITAL CAMERAНохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан белхан керла меттигаш кхолларца доьзна долу т1едахкарш кхочуш а деш, республикин 1аламан т1аьхьалонийн, гуонахара 1алам лардаран министерствос кхечу пачхьалкхийн инвестицеш Нохчийчоьнан экономикина юкъаозорехь д1ахьош жигара белхаш бу.

Министра Магомадов Лоьмас цу декъехь дийцарш дира Чинерчу «YEMAGROUP» корпорацин векалшца.Уьш лерина бу Нохчийн Республикехь дечигах г1уллакхдаран завод йилла.

Л.Магомадовс дийцарехь, корпорацин векалшца бинчу бартаца дечигах г1уллакхдаран предприяти кхуллур ю.

Шаьш Нохчийчу баьхкинчу хенахь «YEMAGROUP» корпорацин делегаташ хилира Т1ехьа-Мартан а, Шуьйтан а, Веданан а районашкарчу хьуьнан бахамашкахь. Хьуьнан фондан коьрта дакъош ду уьш. Цигара д1аяхьийта билгалдеш ду г1уллакхдан лерина йолу аьргалла. Х1ора шарахь 200 эзар кубометре кхаччалц йолчу дечигах г1уллакхдан билгалдеш ду. Билгалдина долчу г1уллакхаша экономика кхиийна а, белхан керла меттигаш кхоьллина а ца 1аш, хьун 1алаш йийр ю, 1алам тодийр ду. Предприятин продукци д1асакхоьхьур ю Россин кхечу регионашка а, иштта дозанал арахьа а, къаьсттина Иране а, Азербайджане а.

Нохчийн Республикехь белхаш бан лерина йолу корпораци 1993-чу шарахь кхоьллина ю. Цуьнан Чинехь а, кхечу пачхьалкхашкахь а 15 векалалла ю. Иштта Россехь а, Казахстанехь а, Узбекистанехь а бу уьш болх беш. Корпорацис ша бечу хаамашца, 2005-чу шарахь дуьйна дозанал арахьа 3,08 млрд. долларна гергга йохк-эцар лелийна цо.

Р.МУСЛИМОВ

 № 62, шот, 6 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: