Соьлжа-ГIалара араваьлла, Шуьйта боьдучу новкъахула дIавоьдуш, Пригородни юьртан кешнашна улле кхаьчча, биргIанех динчу чардакха тIехь дIахIоттийна лаьтташ йохийна машен ю. Машенахь вогIучу водительна гайта а, цуьнга ойла яйта а яькхина иза гун йолчу хьала: «Хьовсийша, хIун хуьлу, ларлуш ца хилча! Везачу Дала, деза совгIат а дина, шайна делла цхьаъ бен доцу дахар лардайша. Ма хилийша сонта, хIай адамаш!» – боху маьIна ду некъан бохамехь йохийна машен, хьала а яьккхина, дIахIотторан.

Тахана вайн некъашкахь кест-кеста хуьлу зуламаш. Машенашкахь леларш, къаьсттина къонанаш, сиха лела, некъан бакъонаш ца ларйо цара, цундела шайн а, уллерчеран а дахар кхерамечу хьоле хIоттадо. Новкъахь цхьана а кепара гIиллакх ца лелош водительш а бу. Шен ма-хуьллу хьалхаэккхий я мегаш доцчухула чекхволий, дIалоллу цара машен, ша эцна воьдуш санна, сихлой. Некъан бакъонаш талхош, цхьана а кепара низам лар ца деш лела уьш. Некъан хьовзам хилча, «Ца хууш хилла», «ХIуьттаренна ца дина», «Иштта нисделла-кх иза, Делан болх бу», – олу вай. Дала-м ца боху вайга, хьерадевлча санна, машенаш хехка, адамаш лазаде, дайа. Вай ваьш ду-кх бехке. Лоьхуш хилча, кара ма до иза. Бохамна араваьлларг, эххар а, цунна тIе ма кхочу.
Амма массо а хIуманан чаккхе хуьлу: йохийна машен, толахь, тойо, велларг а дIавуллу, лазийнарг больнице охьавуьллу. Делахь а, вайна ма-моьтту, дIа ма ца доьрзу некъан бохам бахьанехь Iоттаделла гIуллакх. Некъан бохамехь стаг вийча, вай-м, дукха хьолахь, чIир а ца хьейо, ларамаза хиллачунна гечдо. Iеламнах а, баккхийнаш а ара а бохий, дIадерзадо и санна гIуллакх, Делан дуьхьа олий. Амма стаг веллачеран а, бехкеволчун а дагахьбаллам буьсу. «Ма хилла делара хIара», – аьлла ойла даг чуьра дIа ца йолу церан. Сингаттам лаьтта церан чохь. Ткъа хилларг хилла даьлча, дан хIумма а дац я цхьа а хIума нисдойла а дац.
Дерригенах ларвелла а, дера, вер ма вац, амма, вайна тIедиллина ма-хиллара, бахьанаш лело дезар-кха. Зулам ца хилийта хьовса дезар-кха, вайгара оьшург ницкъ ца кхочуш даккхий гIуллакхаш ца хилча муххале а.
Некъан низам лардан ца Iемича, гIиллакхе ца хилча бохамийн балех девр дац вай. Тахана вайн республикин Iедало шен хаддазчу тидамехь латтадо регионан некъаш тIехь долу хьал. ГИБДД-н белхахоша шайн ницкъ кхочург дерриге а до некъашкахь кхерамза хилийтарехь. Водительшца бина ца Iаш, гIашлошца а, дешархошца а хаддаза профилактикин болх бо нах ларбалийтархьама, некъан низам цаьрга лардайтархьама.
Цу тIехь шайна догIучу декъана дош олуш Iеламнах а бу. Новкъа воьдучо хIун гIиллакхаш лело деза дуьйцу цара.
Вайн массеран а юкъара гIуллакх ду тахана некъашкара хьал тодар, галваьлларг, зуламна араваьлларг сацор, оьшучунна орцахдовлар. Пригородни юьртан кешнашна уллехь хIоттийна чардакх шен доккха маьIна долуш ду. Цо боху вайга: «Ларлойша, адамаш! Ца ларделча, вайна хуьлуш болу «дика» болх хIара бу шуна. Вай сихделча, низам талхийча, бакъонаш ца ларйича, зулам долу шуна».
Масех стага олуш хезна суна: «Дика гIуллакх дина и машен цига хьалаяьккхинчо. Нахе ойла йойтур ю цу балхо». И машен гиначо ойла ян декхар ду: «Лар ца лахь, кху керта кхочур ву-кх со а», – аьлла.
Арсанукаев Муса