Республикин С.Михалковн цIарахчу берийн библиотекехь «Книгаш луо» дуьненаюкъара де билгалдаккхаран Ерригроссин «Книгаш безамца луо» акцин пхи шо кхачаран юбилей язйира. Цуьнца цхьаьна, библиотеко шен 75 шо кхачар а билгалдаьккхира.

Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин культурин министр Дааев ХожБауди, республикин къинхьегаман, белхан меттигаш нисъяран, социальни кхиоран министерствон а, Невран а, Теркан а, Курчалойн а, ТIехьа-Мартан а кIоштийн администрацийн а векалш, Курчалойн, Невран, Шелан, Гуьмсан, Веданан кIоштийн кул ьту р и й н отд е л и й н , Устрада-ГIалин а, ХьалхаМартан а гIаланийн культурин урхаллийн векалш. Цул сов, цигахь дакъалецира яздархоша а, искусствон, Iилманийн гIуллакххоша а. Библиотекин директора Эдиева Миланас дийцира акци дIайолоран хьалхарчу гIулчех лаьцна а, и гIуллакх хьенан дIадолорца дIахьош ду а: «Iамаркерчу яхархочун, берийн книгийн сайт лелош йолчу Бродмур Эммин дIадолорца, 2012-чу шеран чиллин (февраль) баттахь дуьйна Россехь а, кхечу 30 пачхьалкхехь а билгалдоккхуш ду и де. Оцу хазачу ламастана юьстах ца йисина вайн республикин берийн библиотека а. 2018-чу шарахь дуьйна Нохчийчохь а билгалдоккхуш ду и де. Книгел пайдехь совгIат дац берана дала хьакъ долуш. Жимачохь дуьйна бераш книгаш еша марздан, цаьрга безам кхоллабалийта, сих-сиха керла книга эца еза царна. СовгIатана книгаш яларан дуьненаюкъара де хиларо а, и де билгалдаккхаро а берашна йовзуьйту адамийн дахарехь книго дIалоцуш йолу меттиг. Цундела, къаьсттина оцу дийнахь, берашна книга яларца совгIат дан деза».
Соьлжа-ГIалин №91 йолчу школин къоначу книгашъезархойн «Гармония» клубан декъашхоша а, СоьлжаГIалин №20 йолчу школин «Книгомания» клубан декъашхоша а, берийн яздархоша а дуккха а байташ, пьесийн кийсакаш йийшира. Иллийн а, хелхарийн а Нохчийн пачхьалкхан берийн «Даймохк» ансамблан артисташа Буруев Адама а, Буруева Аминас а нохчийн хелхар а дира, илли а элира.
– ТIаьхьарчу иттех шарахь интернетах пайда а оьцуш, кхуьуш долчу берашна уггаре а оьшуш долу ламаст ду дуьненаюкъара «Книгаш луо» де. Юьхьанца, интернетах Iехабелларш, цо хьекъал кхиош цахилар а, могашаллина эшам беш хилар а хиъначул тIаьхьа, книгашъешарехьа а бирзина, кхин а хьалаайдина книгийн сий-пусар. ХIора денна алсамбуьйлуш бу книгашъешархой. Книгийн мах хууш болчу баккхийчара-м цкъа а хуьйцур яц книга интернетах, делахь а, къаьсттина хазахета, дукхахболчу къоначу дай-наноша, шаьш масал а гойтуш, шайн доьзалш книгаш еша марзбеш хилар, – элира Культурин министра Дааев Хож-Баудис. Иштта, С. Михалковн цIарахчу берийн библиотекина совгIатана 100 книга а елира Х-Б.Дааевс.
«Книгаш безамца луо» акцехь дакъалаьцна дуккха а организацеша а, юкъараллин гIуллакххоша а, могIарерчу бахархоша а. Иштта, и беркате гIуллакх дIадахьа долийчахьана, берийн библиотекин ешархой а алсамбевлла. Цо гойту, вайн къона чкъор ешаре а, книгашка а шовкъ йолуш хилар.
ВЕГИЕВА Макка