«Ахмат» Россин Кубок яккхаран ¼ финале яьлла

Россин Кубок яккхаран 1/8 финалан цхьаьнакхетарш дIадаьхьира масех де хьалха. Нохчийчоьнан футболан «Ахмат» клубан футболисташ ДонатIерачу-Ростовехь меттигерчу «Ростов» командин футболисташца левзира. Вайн футболистийн хIокху шеран дуьххьарлера официальни цхьаьнакхетар дара иза. Амма цуьнга хьаьжна ца Iаш, вайн командин коьртачу тренера А.Талалаевс оцу матчана дика кечбинера футболисташ. Иза бIаьрла гайтира цхьаьнакхетаран хьалхарчу хьовха, тIаьххьарчу миноташа а.

Кхин таллам бар доцуш, ирачу тIелетаршка бевлира «соьлжагIалахой». ХIусамдайшна дагахь цахилларг дара иза. Ишттачу тIелетарех цхьаъ юхатухучу хенахь шайн командин гIуданан майданахь кIоршаме левзира «ростовхо» М.Норманн. Цхьайтта метран билгалонера гIуданан тохар дан бакъо елира суьдахочо «Ахматана». Оцу бакъонах буьззина пайдаийцира Б.Беришас – 1:0.

ЖамI а, ловзаран хатI а кхин хийца ца луш чекхъелира хьалхара тайм. ШолгIачу тайман юьххьехь, тIекIал шозза «можа» кехат а гайтина, кIоршаме ловзарна орбитра майданара дIаваьккхира хьешийн командера защитник М.Ненахов. Цул тIаьхьа дикка хийцаделира майданара хьал. ХIинца тIаьхьийхьалхий «Ахматан» кевнна кхерамаш тийса буьйлабелира «Ростовн» футболисташ. Бакъду, кхиаме кхочийла-м ца хуьлура церан вайн защитникаш а, кевнахо а дика ловзар бахьана долуш.

Чекхъяла герга яра матч. Йиссинарг иттех минот бен яцара. Оццу хенахь суьдахочо вайн командин гIуданан майданахь «соьлжагIалахо» кIоршаме левзина лерира. Цо хIусамдайшна бакъо елира хIинца цхьайтта метран билгалонера гIуданан тохар дан. Делахь а, оцу киртигехь тIехдика левзира вайн кевнахо Г.Шелия. Цо «некъ бихкира» М.Норманна тоьхначу буьрканна.

Йисинчу хенахь, мел чIогIа гIертарх а, «Ростовн» футболистийн гол тоха аьтто ца белира. Цу тайппана, жамI 1:0 долуш, толам а баьккхина ¼ финале яьлла «Ахмат».

Хь.САЙДАЕВ

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: