Дукха хан йоццуш Дона-тIерачу-Ростовехь дIаяьхьира греко-римски кепара охьатохархлатарехула йолу Россин чемпионат.

Цигахь дакъалоцуш бара Россин субъекташкара тоьлла спортсменаш.
Кхаа дийнахь дIадаьхьначу къийсадаларшкахь вайн махкахочо, греко-римски кепарчу охьатохархлатарехула дуьненан чемпиона Манцигов Абуезида (77 кг) шен дегIан йозаллин категорехь толам а боккхуш, дашо мидал яьккхира.
Карарчу хенахь Европин чемпионатехь дакъалаца кечам беш ву Абуезид.
З.ШИШХАНОВА