Шелковскерчу социальни реабилитаци яран а, кхиазхойн могашалла тояран а туьшахь даздаран хьолехь схьабиллира берийн могашаллатояран кхерч.
Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, Россин Федерацин къинхьегаман а, гражданаш социальни ларбаран а министр Топилин Максим, вайн республикерчу министерствийн, ведомствийн куьйгалхой, кхиберш.
Кадыров Рамзана шен къамелехь билгалдаьккхира учреждени схьаеллар регионан социальни хьелаш тодарехьа яьккхина керла гIулч хилар.
– Дахаран халчу хьелашка нисбеллачу кхиазхошна социальни агIор гIо хилла ца Iаш, хIинца шеран муьлххачу а хенахь могашалла тоян таронаш ю кхузахь. Берашна садаIа оьшу дерриге а хьелаш ду. Вайн республикерчу берийн садаIа кхечу регионашка дIаэха а дезар дац. Со тешна ву хIара кхерч схьабелларо кхиазхошца беш болу болх лаккхарчу тIегIане боккхург хиларх. КхидIа йолчу хенахь а шира лагерш метта а хIиттор ю, керланиш а йийр ю вай, – тIечIагIдира республикин Куьйгалхочо.
Иштта бегIийлаш йолу учреждени схьаелларца республикин бахархой декъал а беш, къамел дира Топилин Максима.
– Гуш ду берийн могашалла тоярна тIехь республикин куьйгалло терго латтош хилар. Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан ша хьалха а ваьлла берашна гIолехь дерг лоьхуш ву. Тахана берийн масех учрежденехула чекхдевлла тхо, Россин кхечу дуккха а регионашкахь йоцу таронаш ю кхузахь. Суна Iаламат мехала хета шун регионехь берийн хиндолчун дуьхьа къахьоьгуш республикин куьйгалла хилар, – бохура цо.
Циггахь Р.Кадыровс Сийлаллин грамоташ яларца билгалбехира лагерь еш къаьсттина жигара къахьоьгуш хилла гIишлошъярхой. Иштта Нохчийн Республикин къинхьегаман а, социальни кхиоран а министерствона юкъайогIучу учрежденийн белхахошна М.Топилина а елира Сийлаллин грамоташ.
Билгалдаккха догIу, могашаллатояран лагерь 250 берана лерина хилар. Оцу комплекса юкъайогIу бераш охьадийшош йолу корпус, бассейн, кхачанан чоь, парк, футболах а, волейболах а ловза майданаш. Цул сов, 70 белхан меттиг а ю лагерехь.
Р.МУСИПОВ
Авторан сурт
№ 62, шот, 6 июнь, 2015 шо
