Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан декъалдар

Нохчийн Республикин хьомсара зударий!

Ас даггара декъалдо шу Зударийн дуьненаюкъарчу денца – бекарг (март) беттан 8-чу денца! Шу хиларо тхан дахар кхин а хаздо, зовкхе до, хазахетарца, аьхналлица, безамца дузу. Шу даима а хилла, хилла дуьсуш а ду хазаллин, дикаллин, син комаьршаллин, доккхачу собаран масал.

Юкъараллин дахарехь аш лелош долчу маьIнин мах хадийна вер а вац. Вайн хIусамаш ховхонца дIадузу аш, вайн гIиллакхашца, Iадаташца, культурица, динца бераш кхетош-кхиадо, цаьргахь дикалла, къинхетам, вайн Даймахке безам кхуллу, тIекхуьучу тIаьхьенехь ийманан а, оьздангаллин а мехаллаш кхиайо.

Цуьнца цхьаьна, аш дIахьо республика социально-экономикин кхиорна юкъа шайн хазна йиллар, жигара дакъалоцу республикин юкъараллин-политикин дахарехь, жоьпаллица а, эвсараллица а кхочушдо дахаран тайп-тайпанчу дакъошкахь шайн корматаллин декхарш.

Нохчийн Республикин хьалхарчу Президент а, Россин турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас даима а билгалдоккхура вайн халкъ когахIотторехь нохчийн зударша лелийна маьIна. Иза тамашийна а дац, хIунда аьлча, халчу заманахь шу гIортораш хилла дIахIиттина ма дара. Аш шаьш шайн ца кхооро, шун доьналло гIо дира халкъана дерриге а зерех чекхдала, халонаш лан, машаран а, аьттонан а некъа тIе хIотта.

Тахана республикин куьйгалло къаьсттина маьIне лору зударшна мелла а алсам бегIийла хьелаш кхоллар. Кхиамца кхочушъеш ю ноналлин а, бераллин а гIолацаран программаш, дахарна юкъадалош ду доьзалан мехаллаш чIагIъяран гIуллакхаш, зударшка шайн лаамаш, таронаш, говзаллех пайдаэцийта хьелаш ду кхуллуш.

Шеко йоццуш, цу тайппана гIолоцуш хиларо зударшкахь кханенах тешар чIагIдо. Царна хаьа шайн бераш машар а, барт а болчу хьелашкахь кхион аьтто буйла, цаьрга дика дешийта, церан дахар ирсе хилийтарна кхачоян шайн аьтто буйла. Цунна къеггина тоьшалла ду Нохчийн Республика бераш тIекхиаран тIегIанца Россехь а тоьллачарах цхьаъ хилар.

Хьомсара зударий! ХIокху дийнахь суна кхин цкъа а даггара баркаллин дешнаш ала лаьа шуна, дика мел дерг шуна хуьлийла ала а лаьа.

Самукъадала, сакъерадала бахьанаш алссам хуьлда шун! Цкъа а шун хIусамашкара машар, барт, беркат дIа ма долийла. Могашалла, даккхийдер, ирс хуьлда шун, хьомсара зударий!

№17, бекарг (март) беттан 6-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: