Нохчийн Республикин Куьйгалхочун белхан цхьаьнакхетар хилира Нохчийн Республикин Бусалбанийн динан урхаллин председательца Межиев Салахь-Хьаьжица.

Цхьаьнакхетарехь дийцира муфти Шемин Iаьрбийн Республике вахаран жамIех лаьцна, Хомс гIалара Халид ибн аль-Валидан цIарах долу шира маьждиг меттахIоттор муха дIахьош ду а, Омейядаша олалла дечу хенахь, 715-чу шарахь дина долчу Алеппо гIаларчу маьждигах лаьцна а.
Хомсера маьждиг долу 1 000 шо сов хан ю. ТIом болчу хенахь чIогIа дохийнера иза.
«Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу регионан юкъараллин фондан чоьтах дIахьош меттахIотторан белхаш бу цигахь. ДIадаханчу шарахь схьадиллинера оха и маьждиг. Бакъду, цул тIаьхьа вайга дехар динера, маьждигехь ламаз дарна лерина майда кхин а шоръяхьара аьлла, хIунда аьлча, меттигерчу бахархоша дерриге а дезденош, динца доьзна долу кхидолу гIуллакхаш а цу маьждигехь дIахьо. Маьждиган кхо гIат ду, иштта, автомашенаш дIахIиттайойла а ю. Иштта, цигахь йина хьуьжар а, конференцешна а, хьеший тIеэцарна а лерина зал а», – дийцира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.
Цо билгалдаьккхира, карарчу хенахь гIишлошъярхоша ламаз дарна лерина йолу майда шоръяран а, маьждигана гонахара майда тояран а белхаш дIаболийна хилар.
«Алеппорчу маьждигах дерг аьлча, и гIишло чолхе хиларе терра, цигахь беш болу белхаш, сих а ца луш, дIахьош бу. 800 шо долуш, шира момсар ю оцу маьждиган, момсаран локхалла 45 метр ю. Бухе кхаччалц йохийнера иза тIом болчу хенахь, ткъа ша маьждиг дагийнера. Тахана маьждиган сибат цадовззал хийцаделла. МеттахIоттийна масех пен, бохийначу тхевнан бух а вовшахтесна, дIахьош бу маьждиган чоьхьара белхаш ду. МеттахIоттийна ширачу момсаран кхоалгIа дакъа. Шен-шен номерш йолчу ши эзар ах эзар тIулгах лаьтташ ю иза. ХIора а тIулган шен-шен кехат ду. МеттахIотторан белхашка хьовсуш ЮНЕСКО-н векалш бу», – дийцира Кадыров Рамзана.
Цо дийцарехь, оцу объектехь бан безаш болу берриге белхаш чекхбаха цхьа шо ах шо хан оьшу.
«ЮНЕСКО-н векалша, меттахIотторан белхашка хьаьвсинчул тIаьхьа, даре дина оццул чолхе белхаш бан шаьш ларориг цахилар», – элира Р.Кадыровс.
Цхьаьнакхетаран чаккхенехь цо республикин муфтина Межиев Салахь-Хьаьжина баркалла элира Шемара маьждигаш меттахIитторца доьзна долчу вовшахтохараллин гIуллакхашкахь дакъалацарна, иштта цо ша тешна хилар хаийтира, и маьждигаш, хьалха санна, исбаьхьа а, хаза куц-кеп долуш а хирг хиларх.
Иштта, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Хомсера а, Алеппора а маьждигаш тодарна юкъа доккха дакъа дилларна баркалла элира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров АхьмадХьаьжин цIарахчу регионан юкъараллин фондан президентана Кадыров Айманина.
Кадыров Рамзана республикин Бусалбанийн динан урхаллина совгIатана 21 автомашен а, «Грозный-Сити» комплексерчу 10 петаран догIанаш а делира.
Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу регионан юкъараллин фондо Бусалбанийн динан урхаллин хьашташна эцна ю уьш.
I.МУРТАЗОВ
№17, бекарг (март) беттан 6-гIа де