– Тхан коьрта декхар ду социальни а, къинхьегаман а дакъошкахь пачхьалкхан политика кхочушъярехьа билггал гIуллакхаш дар а, Россин Федерацин а, Нохчийн Республикин а законашца нийса а догIуш, бахархойн социальни хьашташ кхочушдар а, – элира Эна-Хишкан кIоштан къинхьегаман а, социальни кхиоран а отделан хьаькама Дадаева Асета «ГIуллакхаллин Соьлжа-ГIала» журналана еллачу интервьюхь.
Юха, ша аьллачун маьIна достуш, дийцира ша куьйгалла дечу коллективо бечу хIора дийнан балхах а, шаьш кхочушдечу хьаштех а лаьцна.

Нохчийн Республикин къинхьегаман а, балха нисбаран а, социальни кхиоран а министерствон куьйгалли кIелахь хIокху отдело шен болх дIаболийна 2001-чу шарахь.
ХIетахь дуьйна бахархойн социальни хьашташ кхочушдеш, царна балха хIотта гIо-накъосталла деш къахьоьгуш бу кхузара говзанчаш. Юьхьанца чIогIа хала дара. Вахар-вар маьрша дацара, юкъараллехь синтем бацара. Белхан меттигаш яцара.
Цул сов, белхан хьелаш ледара дара. Иза дерриге а хаалора коллективан балха тIехь. Хьал сихха дикачу агIор хийцадала доладелира Нохчийчохь дерриге а халкъан референдум дIаяьхьначул тIаьхьа Кадыров Ахьмад-Хьаьжа (Дала гIазот къобалдойла цуьнан) Нохчийн Республикин Президент хаьржинчул тIаьхьа.
Цо леррина тидам тIебахийтира бахархойн социальни хьашташ кхочушдаран дикалла лакхаяккхарна, заьIапхойн, буоберийн, тIеман дакъалацархойн, къанойн хьаштдезарш кхочушдарна.
Цуьнца доьзна, Кадыров Ахьмад-Хьаьжас билггал декхарш хьалха хIиттийра къинхьегаман а, балха нисбаран а, социальни кхиоран а ведомствона хьалха.
Цо болийна некъ кхиамца дIахьош волчу Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана а тахана шен семачу тергонехь латтош ду бахархойн Iер-дахаран хьелаш тодаран гIуллакхаш.
Цо социальни белхахошкара лоьху кхочушдеш долчу хьаштийн дикалла лакхаяккхар, Iедалера гIо-накъосталла оьшучарах цхьа а тидамза цавитар.
Нохчийчоьнан Куьйгалхочун тIедахкарш, лехамаш кхиамца кхочушбечарна юкъахь ю Эна-Хишкара къинхьегаман а, социальни кхиоран а отдел.

Карарчу хенахь кхузахь болх беш 12 говзанча ву. Цара хIора дийнахь бечу балхана юкъадогIу 3 шарера 7 шаре кхаччалц хенаш йолу бераш долчу доьзалшна хIора баттахь пособеш далар, таронаш ледара йолчу доьзалшна, къинхьегаман ветеранашна, тылан къинхьегамхошна, эскарехь гIуллакхдеш болчу бIаьхойн берашна пособеш а, пенсеш а далар, кхечу кепара ахчанаш далар.
Отделехь кхочушдо кхечу кепара а иттаннаш хьашташ. Царах массарах а лаьцна яздина вер а вац.
Кхидерг ца хьехийча а тоьар ду тайп-тайпана справкаш яларехь, субсидеш даларехь (хIусамийн-коммунальни хьашташ кхочушдарх ахча дIадала), «Къинхьегаман ветеран» цIе ялийтарехь, юкъараллин транспортаца дIасалеларна гIоленаш ярехь деш долу гIуллакхаш.
Ма-дарра аьлча, отделан берриге а белхахойн болх тIехьажийна бу кIоштарчу бахархойн, къаьсттина таронаш, аьттонаш ледара болчу доьзалийн социальни хьашташ мелла а дуьззина, дика кхочушдарна.
Коьртачу декъана къоначу говзанчех лаьтташ йолчу бертахьчу коллективо, самукъа а долуш, кхочушдо шайн белхан жоьпалле декхарш.
Баккъал а, доккха хIума ма ду цхьана стеган хьашташ кхочушдар а, цхьана стеган гIуллакхе хьажар а, цхьана стагана хазахетар дар а. Ткъа хIора дийнахь иттаннаш бахархойн хьашташ кхочушдан аьтто хилар мел доккха хIума ду!
Эна-Хишкан муниципальни кIоштарчу кхаа юьртахь бехачу бахархойн социальни хьашташ кхочушдеш бу тахана А.Дадаевас куьйгалла дечу отделера говзанчаш. Ткъа оцу кхаа юьртахь Iаш 29 эзар сов стаг ву. Царах 8 эзар гергга стаг хIокху отдело тайп-тайпана хьашташ кхочушдеш а, дахарехьIерехь гIо-накъосталла деш а, гIоленаш еш а ву, хаддаза хьесапехь латтош а ву.
Шаьш динчу гIуллакхах тоам бина Iаш бац кхузара говзанчаш.
ТIейогIучу хенахь бахархойн хьашташ кхочушдаран дикалла а, эвсаралла а лакхаяккхаран Iалашонца шайн хаарш тIедуза ойла йолуш бу уьш, кхечарна зеделлачух пайдаэца дагахь бу, балхана керла кепаш юкъаяло лууш бу, кхузаманан техникин таронех пайда а оьцуш.
Цо царна таро лур ю шайна тIедехкина декхарш кхин а дика кхочушдан, бахархой шайн балхана кхин а чIогIа резабан.
С.ХАСАНОВ
№17, бекарг (март) беттан 6-гIа де