Веселаева Рузана: «Нохчийн журналисташа бахархошна а, куьйгаллина а юкъахь беркате зIе латтайо»

Дала экаме а, оьзда а, комаьрша а кхоьллина зударий. Амма царна юкъахь синъондаллица билгалбовлуш бу нохчийн зударий. Нохчийн историн цхьа а агIо яц зударийн хьуьнарш дуьйцуш йоцуш. Цул сов, массо а заманахь къонахий кхиош ерг а хилла зуда.

Ткъа хIинца, кхиъна йогIучу заманахь нохчийн зудчо къонахий, оьзда мехкарий кхиорал а, кхерчахь цIе латторал а сов, юкъараллин дахарехь а кхоччуш шен меттиг дIалаьцна.

Дуккха а говзанчаш-зударий бу вайн халкъана юкъахь шайна тIедиллина гIуллакх чекхдаккха, шайх тешийна дарж дIакхехьа хьунаре а болуш.

Ишттачарах цхьаъ ю, шен догцIеначу елакъажарца массаьрца а гIиллакхехь йолу, кIедачу амалца массаьрца а яза хууш йолу, шен болх лаккхарчу тIегIанехь кхочушбеш схьайогIуш йолу вайн йиша, «Вайнах» телерадиокомпанин директор Веселаева Рузана.

Къоначу дахарехь лаккхара кхиамаш баха хьуьнар кхачаран къайленаш яста лууш, цу инзаре, лакхара догдикалла а, бакъйолчу нохчийн йоьIан гIиллакх а, лаккхара кхетам а болчу Рузаница, тIедогIуш долчу дуьненаюкъарчу зударийн дезачу денца иза декъал а еш, тхаьш дина къамел довзуьйту оха «Даймохк» газетан дешархошна.

– Рузана, «Вайнах» телерадиокомпанин куьйгаллехь хиларал сов, хьо нахана евзаш а, дукхаезаш а ю. Оццул хьайга болчу лакхарчу лараме кхача хьайна накъосталла динарг хьайн муьлха амал ю аьлла хета хьуна?

– Цхьана а кхиаман орам цхьана амалх, лаамах боьзна ца хуьлу. Уггар а хьалха, суна хетарехь, иза уллехь болчу дикачу накъостех, масала эца, оьшучохь хьехар дан нислуш долчу дикачу адамех дуозаделла хуьлу. Цундела, сайн кхиамаш, еккъа цхьана сайн амалх буозабелла бу аьлла ца хета суна.

Дала цхьа доккха совгIат дина суна, Делан къинхетамца суна уллехь массо хенахь а дика, догцIена, кху вайн махках, Нана-Нохчийчоьнах доглозуш, вайн Даймахкана дика гIуллакх дар шайн коьрта Iалашо йолу дика адамаш хилла. Суна царна массарна а, доккха, деза, цIена баркалла ала лаьа.

Къаьсттина и баркалла ала хьакъ ву тахана, вайн мехкан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана шена тIедиллина долу декхар лаккхарчу тIегIанехь кхочушдеш, схьавогIуш волу цуьнан гIоьнча, Нохчийн Республикин хаамийн а, зорбанан а министр Дудаев Ахьмад а, иштта нохчийн журналистикин ветеранаш а, къаной а.

Дикачу адамех, дикачу говзанчех масал эца хьуна хиъчахьана, цхьа а говзалла хала ю аьлла ца хета суна. Шайн белхан говзанчаш хилла а ца Iаш, суна накъостий хилла массо журналист а, яздархо а, Iилманча а.

Балха еанчу хьалхарчу дийнахь дуьйна суна суо кхузахь хийра ца хийтира. Журналистикехь йолу сайн хьалхара гIулчаш кхузахь, «Вайнах» телерадиокомпанин «Керланаш» декъехь яьхна ас. Цул тIаьхьа «Грозный» НПТРК-хь коьртачу редакторан даржехь болх бира.

Вай болх олу цунах, амма, ма-дарра дийцича, деза а дезаш, айхьа дийриг мел мехала ду а хууш, халкъан а, мехкан а дуьхьа деш долчу гIуллакхах, иза болх хиларан тIегIанера дIа а долий, хьан дахар хуьлу.

Юха, оцу хьайга далуш долчу дикачу гIуллакхах йоккхаер а, дозалла а хуьлу. Иштта гIуллакх ду аьлла хета суна нохчийн журналистика а.

Сан хIора де а, хIора суьйре а иштта хуьлу. Иштта болх, хаамаш, керланаш – дийнахь а, буьйсанна а. Юха цунах дахар а… ХIинца, иштта, «Вайнах» телерадиокомпанина куьйгалла деш а ю.

– Журналистикехь къахьегар атта гIуллакх дац, ткъа йоIана, зудчунна иза шозза-кхузза хала ду. Дийцахьа, журналистика хьан сатийсам бара я рицкъан болх бара?

– Бакъдерг аьлча, школехь доьшуш йолчу хенахь, суна цкъа а дагадеана дацара сох журналист хир ю аьлла, я кху говзалле ас сатийсина а дацара. ЦIеххьана, ларамаза хилира иза.

11 класс чекхъяьккхина, говзалла караерзо, Нохчийн пачхьалкхан универститетан факультет харжа йоьлча, сан ойла журналистикин факультетана тIехь сецира. Цхьана мIаьргоно бина сацам бу хIара я ма-дарра аьлча, Делан рицкъ ду иштта хилла. Цу хенахь дуьйна, цхьана а дийнахь, дохко ца яьлла со сайн харжамна.

Журналистика говзалла ша а цхьа башха говзалла ю. Цкъа а сагатдан хан ца хуьлу, я хIинца керланиг хIун дуьйцур дара те аьлла, дийца керланиг доцуш а ца вуьсу. Нохчийн махкахь-м муххале а, журналистика сингаттаме, я дийца диканаг доцуш яц цхьана минотана а.

Вайн мехкан Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан куьйгаллица, хIора а дийнахь кхуьуш, хазлуш бу вайн мохк. Денна а схьайоьллуш социальни гIишлош ю, дийнна каппашкахь нахана деш цIенош ду, вайн спортсменаш бу кхиамаш бохуш, денна, дуьне мел ду диканаш ду деш, мискачарна деш накъосталла ду… доккха ирс ду журналистана, дийца оццул даккхий диканаш долчу махкахь болх бар а, журналистикехь къахьегар а.

Нохчийчохь журналистан доцург кхолла гIерташ ойла ян ца еза, диканиг, хазаниг, сирланиг денна кхиъна ца Iаш, хIора сохьтехь а тIекхеташ, вайн Даймохк, малх санна, къегина, къегаш а бу, иза журналисташна а, вайн дерриг а халкъана санна, доккха дозалла, совгIат ду.

– Рузана, хьо еккъа цхьана «Вайнах» телерадиокомпанин директор хилла ца Iаш, цхьаьннан йоI, йиша ю. Дийнахь-буса зIенехь хила хала дуй? Гергарчарна, бевза-безачарна хан карайой хьуна?

– Бакъ ду иза. Амма со журналист ю. Журналист даима а зIенехь хила везаш ву, къаьсттина куьйгалхо. Сайн болх безарна а, хIара дарж дIакхехьа суо реза хиларна а хир ду и, суна цкъа а хала ца хета зIенехь хила а, тIедиллина гIуллакх кхочушдан а.

Нагахь санна, ша беш болу муьлхха а болх, безаш, цунах самукъадолуш ца хилча, и мел атта болх белахь а, цабезачунна гехь беза мохь бу иза.

Бакъдерг аьлча, гергарчарна сайна ма-хетта мукъа хан ца карайо суна. Делахь а, уьш а нийса кхета, цхьа а бехк билла ца гIерта.

Айса бечу балхах нахана беркат хилча, сайн дукхах йолу хан балхана дIаелла хиларна, жимма айса суо бехказайоккху ас, юха сайн мукъа цахиларх кхеташ, сайн гергарнаш хиларх а йоккхайийна а ца йолу. Дела реза хуьлда царна.

– Рузана, балха тIехь хьайн дагахкхеташ, айхьа хIара корматалла харжарх хьуо йоккхаеш меттиг нисъеллий хьан? Йийцахьа.

– Иштта меттигаш дукха нисъелла. Масала, оха цхьа репортаж гайтина я цхьаннах лаьцна передача йина дукха хан ялале, тхоьга кхаъ кхочу, вайн мехкан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана цуьнан лаам кхочушбар шена тIелаьцна олий. ТIаккха, цу меттехь юха а цкъа дозалла до оцу беркатан цхьа дакъа сайга кхочуш хиларна.

Нохчийн журналистийн болх кхечу регионашкахь болчух къаьсташ хилар гойтучу репортажашна оццу дийнахь мехкан куьйгалло тидам беш хиларца.

Цо гойту бахархошна а, куьйгаллина а юкъахь нохчийн журналисташа беркате зIе латтош хилар а, нохчийн халкъана а, кху вайн махкахоша а дийнахь а, буса а диканаш деш, цунах шен дахар а дина вехачу вайн мехкан Куьйгалхочунна а вайн журналистика оьшуш хилар, вайн мехкан куьйгалхо а, нохчийн халкъ а вайн журналистех тешаш хилар. Цул доккха хIун хир ду тIаккха? Иштта болчу балхахь, де а, я буьйса а доцуш къахьегча а кIад а ца ло, я иштта болу болх кIорда а ца бо.

– Нохчийн йоI къоман кхерчан орам хиларал сов, массо хенахь а къоман синкхетаман бохь а, синцIеналлин бух а, доза доцчу дикаллин къайле а ю олуш, кица ду вайн. Цу тIе доьгIна, алахьа, журналистика йоцург, кхечу лакхенашка кхийдаш юй хьо?

– Дера ю, Дала мукъ лахь. Ткъа уггар а боккхачу лаамех, сатийсамех дерг аьлча, кху шарахь Къуръан Iамор а, иза дешна чекхдаккхар а сирла, цIена Iалашо а сатийсам а бу сан. Дала мукъ лахь, Везачу Дала цу тIехь аьтто бийр бу аьлла а хета.

Цул сов, ингалсан мотт Iамош а ю. Иштта кхин а цхьацца Iалашонаш а, сатийсамаш а бу, уьш дерриге а кху вайн нохчийн халкъана диканна лерина нияташ ду, уьш а, Дала мукъ лахь, кеста вайн махкахошна довза а довзуьйтур ду.

– Юкъараллехь нохчийн зудчун меттиг муха го хьуна?

– Нохчийн зудчух дийца йоьлча, чаккхе хир а яц. Нохчийн зуда, йоI, нана… къоман селхане а, тахане а, кхане а хетта суна иза. Нохчийн Нана вайн генара схьадогIучу иллешкахь юьйцу, фольклорехь дукха хьехайо, эзарнаш шерашкара схьадогIучу туьйранашкахь уггар а лакхара меттиг дIалуш ю…

Къоман ийман, къоман оьздангалла, къоман къинхетам, комаьршо ю нохчийн нана, зуда, йоI. Нохчийн зуда хIокху дуьненахь а шатайпа кхоьллина зуда хета.

Белхан гIуллакхца со дуккха мехкашкахь а, пачхьалкхашкахь а хилла. Со дIакхаьчначу меттигерчу нехан культура, гIиллакхаш, доьзал кхиоран мехаллаш йовза гIерта со. Амма вайн зударийн санна доьзал кхио а, цуьнца цхьаьна корматалла караерзо а доьналла долу зударий кIезиг бевзина суна. Вайн заманахь нохчийн зуда массо а агIор кхиъна ю.

Нохчийн зудчунна газа цхьа а хало, цхьа а къизалла, цхьа а бохам ца бисина, амма нохчийн зудчо гуттар а шен юьхь ларйина, шен халкъан юьхь ларйина, къоман васт дуьненан уггар а лакхарчу тIегIане даьккхина шен доьналлица, шен къинхетамца, шен комаьршаллица. Цундела вайн къоман нанойн кIентий иштта къонахий а кхиъна.

Яханчу заманан дуккха а тIеман турпалхой-зударий бевза вайна дийцаршкахула, ткъа хIинца тайп-тайпанчу Iилманашкахула а, говзаллашкахула а дуьненна а цIе яккха хьакъболуш дуккха а зударий бевза.

Ас доккха дозалла до оьздангалла а, гIиллакхаш а лардеш, нохчийн зудчунна вайн юкъараллехь шен меттиг карийна хиларх.

– Рузана, Дела реза хуьлда хьуна иштта чулацаме къамел дарна. Оха даггара декъалйо хьо тIедогIуш долчу Зударийн дуьненаюкъарчу денца. Вайн къамел дерзош, нохчийн зударшка хIун эр дара ахь?

– Уггаре а хьалха, суна Зударийн дуьненаюкъарчу денца декъалъян лаьа тахана кху дерриг дуьненахь а Нохчийн Сийлахьчу Зудчун васт хилла, нохчийн ненан къинхетам, комаьршо, шен диканаш цхьана а оьшучунна ца кхоош, схьайогIуш йолу Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу фондан президент Кадырова Аймани а, иштта хIора а нохчийн зуда, нана, йиша, йоI.

БIаьстенан зезагаш санна, тайп-тайпанчу басаршца кхелина ирсе хуьлда нохчийн зудчун дахар! Нохчийн Ненан, Йишин, ЙоьIан бIаьрг боьлхуш ма гойла вайн Нохчийчоьнна кхин цкъа а!

Нохчийн зуда, йоI, нана массо а хенахь а къоман гIортор, къоман кхерч хилла ша лаьтташ хиларе терра, хьакъ ю массо а хенахь шен доьзалх, шен махках дозалла деш, кху вайн сирлачу Нохчийчохь ирсе яха.

Дала мукъ лахь, иза иштта хилийта, Нохчийчохь цхьана а ненан, цхьана а йишин, йоьIан, зудчун бIаьрг сингаттамна ца кхолийта, дийнахь а, буса а, ша-шен ца кхоош, къахьоьгуш вайн мехкан Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан а ву.

Вай, хIора а нохчийн бакъ волчу кIанта, йоIа цунна уллехь, цуьнан тешаме накъостий хилла, кху вайн халкъан дуьхьа къа а хьогур ду, Дала мукъ лахь, кху сийлахьчу, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин новкъахь я кIад а лур дац, я гIалат а девр дац. ТIаккха Цу Везачу АллахI-Дала вайна гIо а дийр ду.

Интервью дIаяьхьнарг – ВЕГИЕВА Макка
№17, бекарг (март) беттан 6-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: