Медицинин Ӏилманийн доктор, профессор, Россехь гӀараяьлла евзаш йолу «МогашаллаӀалашъяр» программа дӀахьош йолу Малышева Елена Соьлжа-ГӀалахь хилира.
Нохчийн Республикин могашаллаӀалашъяран министра Сулейманов Эльхана хьошалла деш, еза хьаша йина тӀеийцира иза.
Республике ша кхачаран бахьана а дуьйцуш, Соьлжа-ГӀалахь цхьайолчу медицинин учрежденийн белхан дӀахӀоттам гича шен хилла дог-ойла йовзийтира Е.Мылышевас.
Цо дийцарехь, иза вайн махка кхачаран бахьана дара Россин регионашна юккъехь уггар хьалха бахархошна тутмӀаьжигаш лелор тӀедожийначуьра дӀадаьккхина субъект Нохчийчоь хилар. Оцу хьокъехь сацам бар доьзна дара Нохчийчуьра эпидемиологин хьал толуш догӀуш хиларца.

Хууш ма-хиллара, чиллин (февраль) беттан 10-чу дийнахь Ӏедалан а, лоьрийн а, Роспотребнадзоран а, Коронавирусан инфекци дӀасацаяржийтаран декъерчу кадечу штабан а тӀедахкарш кхочуш а деш, низам, раж ларъеш схьабаьхкинчу республикин бахархошна Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана баркалла а олуш дӀаяьккхира тутмӀаьжигийн раж.
«Со а, сан белхан накъостий а цецбевлира коронавирусана тӀехь аш баьккхинчу толамах. ТӀаккха ишштачу регионехь тхаьш хила деза аьлла сацам хилира», – дийцира цо.
Евзаш йолчу профессорна Нохчийн Республикин медицинин хьаьрма кхиош хилар а, къаьсттина, сихачу гӀоьнан служба, чӀогӀа тайнера.
«Сихачу гӀоьнан» службин болх цхьааллин диспетчерийн системин болх дика дӀахӀоттийна бу. Церан машенаш кхайкхинчу метте 20 минотехь дӀакхочуш ю, оцу тайпа белхан стандарт Москвахь а ю. Оцу службехь мотоциклаш лелош хилар а дика хийтира. Машен дӀакхача хала долчу метте уьш сиха дӀакхачало. Оьшуш болу медицинин гӀирсашца кхачояр дика дара церан», – шена тайнарш дагардора Е.Малышевас.
Республикин «Сихачу гӀоьнан» службин болх теллича, цунна лиира Е.Глинкин цӀарахчу Берийн клиникин республикин больницехь схьайиллина, пандемин муьрехь ковид цамгар йолчеран туьшо санна болх бинчу Инфекцин отделене кхача.
Вайн республикера дӀаяхча Малышева Елена шена гинчух лаьцна сюжеташ гайта дагахь ю шен передачехь.
«Жить здорово» программехь сюжет а, «Здоровье» передачехь йоккха репортаж а хир ю аьлла дийцира цо.
Оцу передачашкахь цо дуьйцур ду Нохчийчохь коронавирусца къийсам латторах а, мӀаьжигийн раж дӀаяккхарх а лаьцна.
З.ХИЗИРОВА
№17, бекарг (март) беттан 6-гIа де