питанаш а хир дацара
Кху деношкахь Соьлжа-ГIалахь «Ницкъаш барна дуьхьал йолчу комитето» дIахьош болчу балхана шаьш реза цахилар дIахаийтира республикин бахархоша. Россина а, Нохчийчоьнна а дуьхьал беш болчу хаамийн тIамна дуьхьал республикин шуьйрачу хаамийн гIирсаша дIаяхьа лерина хиллачу митинге гулбелла нах оцу комитете кхечира. Бакъонаш ларъярхоша шаьш дIакхайкхина хиллера уьш цига.
Нохчийчохь хуьлуш долу мел жима а гIуллакх деста а дой, дуьйцуш болчу комитетан белхахоша апрель баттахь Соьлжа-ГIалахь Ставропольски крайн бакъонаш ларъяран органийн белхахоша Дадаев Джамбулат верца доьзна долу гIуллакх тидамза дитира. Цигахь гулбелчаьрца къамеле ваьллачу комитетан белхахочо дIакхайкхийра «зуламхо» верца доьзна долу гIуллакх шаьш толлург цахилар. Цунна реза ца хиллачу наха комитетан офис чу а бахана, церан кехаташ, офисан гIирсаш бохийра. Офиса чубаханчу бахархошна юкъахь Д.Дадаевн гергарнаш а хилла.
Кхин эхь ца хеташ и гIуллакх дуьненна а гIарадаьккхина лелаш ву «Ницкъаш барна дуьхьал йолчу комитетан» регионашна юкъарчу юкъараллин организацин председатель Каляпин Игорь. Цо дийцарехь, уьш Нохчийчохь болх бан буьтуш бац. ТIаьхьарчу хенахь Россина дуьхьал беш болчу хаамийн тIамехь жигара дакъалоцуш ву иза. Бакъду иза. Вац Россих дог лозуш а, цуьнгахьа узуш а болх беш-м. И цхьаъ воцчунна Соьлжа-ГIалахь болх бан а, ваха а дукха дика хьелаш ду. Каляпинна хIун ца тоьа? Цунна Россехь а, Нохчийчохь а паргIато ца еза-кх. Денна республике хьошалгIа богIуш болчу федеральни тIегIанерчу куьйгалхоша а, туристаша а кхечу агIор ма дуьйцу и хьал?! Жимма а хьекъал долчунна гуш ду-кх Малхбузен пачхьалкхашна бохка а белла, КаляпингIар а, ХодорковскийгIар а Россехь йолу паргIато йохо гIерташ лелаш хилар.
А.РУСЛАНОВ
№ 62, шот, 6 июнь, 2015 шо