Воккханиг веха хIусам, бIаьрг ма-кхийтти, билгал хуьлу. Хуьлу, лами тIера дуьйна, цхьа шатайпа, оьзда, цӀена, хаза.
НеIара уллехь, пенах товжийна Iаса а, чоьхьа ваьлча, баьрчче хIоттийначу дечкан маьнги тIехь Iуьллуш ламазан куз а, гуччохь кхозуш суьлхьанаш а долуш. Дагна гергара а хета иштта хIусам.

Изза ойла юха а кхоллаелира Гуьмсан кӀоштарчу Жалкхехь ехачу Бетельгириева Шумисатан хIусаме кхаьчча. Цига кхачаран бахьана дара Шумисат дукха наха хьекъал, хьуьнар долуш, оьзда йоккха стаг ю бохуш юьйцуш хазар.
Йоккхачу стеган амалех уггаре а хьалха хаалуш ерг яхь яра. Шен тайпанах, ша яьккхинчу хенах, хьегначу къинах иза йоккхаер а дара. Мацалла, хало тIехIоьттича йоьхна яц иза цкъа а. Деле дехнарг хьанал рицкъ бен дацара цо. Ткъа цунна иза Дала шортта луш а хиллера.
Шина куьйго юьхькIайчу еш яьхна иза 90 шарахь. Темаш, цатемаш… Моссазза делхийна, делийна хир ду цара йоккхачу стеган дог?…
Шумисат могаш-маьрша, иэсехь хилар Делан къинхетам бу.
«Дерриге а Делера ду», – бохуш яьхначу цуьнга дан хаттарш дукха дара тхан, – «Нохчийн йоI муха кхион еза? Шун нанас муха кхиийра шу? Сибарех дигар, цигахь текхна шераш муха дIадевлира, дагайогӀий и хан? Хаттарш а, хилларш а цхьаьна ца догIуш дукха нисделирий хьан дахарехь?»
«Стаканан бошхепа доьттина ве-моз санна цIена а, сирла а хила деза зудабер», – олура тхан нанас, – аьлла, дагалецамашка елира йоккха стаг… «Iуьйранна тхуна кхача кечбан хIуттура нана
Ялтех туху куьг-м дуьйцийла а яцара, ламаз карахь долуш бен пеш а ца латайора цо.
«Рицкъ хьанал ца даийча, доьзал я дика а, я муьтIахь а кхуьур бац», – олуш хиллера ШумисатгIеран нанас. Ткъа и дац дахарехь, вайн заманахь муххале а, коьрта хила дезачу хаттарна нийса жоп?
Дуби-Эвларчу Вашандаройн тайпанах волчу Жунайдан а, ГIизкъин а доьзалера ю Шумисат. Иза 1930-чу шарахь дуьнен чу яьлла. Шуьйтан кӀоштарчу Вашандарахь Iаш бара церан доьзал иза жимахъерг а йолуш.
Кхеран шайн кIотар хилла оцу заманахь. Даьхнех дерг аьлча, иза Нохчийчохь ду мел бохучу тайпана лелош-кхиош а дара церан кертахь. Чот яйна, дукха котамаш, москалш, уьстагIий, бежанаш, говраш яра кхобуш.
«УьстагIа, бежана дийча церан неIарех, цIоканех силу дой, божарийн кетарш йора тхан нанас ГIизкъис. Аренаш дIаерзийча, доьрчий дуьззина хьаьжкIаш а, кIа а, чIоьнаш дуьззина ахьар а хуьлура. Беш-хас дIадерзийна, гурахь чудоьрзура тхо. ТIаргIа къажбеш, тайн уьйригаш гулйой, пазаташ, истангаш дора. ХӀора а Iай Дагестанера зударий богIура вайга истангаш дан. Дукха жима яра со айса юьйцина дуьхьарлера пазаташ йича».
Дена тIаьхьа хIуттий, кертахула лелара жима Шумисат. Церан да Жунайд дош лелаш, хьекъал долуш стаг вара. Юьртахошна тIе дикавуон деача, Жунайд цIахь вуй хьожий бен, адам ца гулдойтура кхеран юьртарчу Юсуп-Моллас. Ткъа иза ломахь йолчу ярташка хьалавоьдура дохка мехкадаьттий, туьхий оьций.
Вахар-вар кест-кеста нислора цуьнан. Цундела дех хьаьгна хуьлура йоI, ткъа иза цIавеача, цунна там хуьлу агIо лоьхуш гуонаха хьийзара. Ламаз эца лоха гIант схьадададой, куьйгех хьакха гата дIакховдо кийчча лаьттара иза.
«Къайллаха божалийн, баннийн тхевнаш тIехула лела Iеминера суна. Дера, со аьрха хилар а дацара иза, царна тIера дIахьаьжча, тхешан Вашандаройн мохк гина ца Iаш, ерриге а Шуьйта гуш хетара суна», – дуьйцург дуьхьал хӀуьттуш, серладуьйлура йоккхачу стеган бӀаьргаш.
Лаьмнийн баххьашна тIейогIаеллачу марханех хьайна хазъеллачух куьг Iотталур ду моьттуш, сел цIена, хуьлура хIаваъ, мел хьежарх, ши бIаьрг ца Iебаш, дезара Даймехкан Iалам.
Иштта, цхьана дийнахь, дехха лаьттачу божалийн тхевнашна тIе елира хIара шеца наштаран чийлик текхош. Иза ша а яцара а оцу чийликал дукха йоккха.
Дашочу чалахь кIайн тIулгаш санна, Iохкуш долу котамийн хIоаш схьалахьо йолалора иза. УьйтIахь Iачу дега кхин цхьаъ чийлик дехна, цкъа дIахIоьттича ши чийлик дуьззина хIоаш лахьадар диц ца ло цунна.
Беркат дарий техьа аьлча, цуьнан шорто йист йоцуш ду моьттура ламанхошна. Халкъ делхоза, шен махках даккхаза, ирсе дара цкъачунна, 1944-гIа шо тӀекхачале.
«Ялсамани санна болчу махкахь муха Iийр вара накхарш ца лелош? Уьш а дара вайн дайшкахь дуьйна лелош. ХIора шарахь бохург санна, тхан цIенош НКВД-н белхахоша дагош дара, «Кулакийн бахам дебон бакъо яц» – олий. Иза хууш волчу тхан вашас хьун кечйора, дукъошна, утармашна дечиг нисдой. Юкъа йоккха хан ялале юхадора божал. ЦIе хьаьрчинчу божалийн тхевнашна тIехь хIоаш лелхаш хезча, со йилхина дагадогIу суна. Накхарш лелор чIогIа карадирзинера суна. Тхан цIийнах со а, тхан да а, дейиша Ату а, тхо кхоъ дара накхарш лелош. Айса 30 яьшка накхарш лелийна ас 2013-гIа шо тIекхаччалц», – йоьлуш дуьйцу Шумисата.
Тидам байша, 1930-чу шарахь дуьне чу яьллачу Шумисатан 2013-чу шарахь 83 шо дара, амма иза накхарш лелош яра!
«Дера яра дений-нанний уллехь яьккхинарг ирсе хан. Юучух, молучух, бедарх ца хьоьгуш, токхе шераш а девлира чекх. Цул тIаьхьа йогIу хан йишйоьхна ма еара. 1944-чу шарахь, нохчийн халкъ махках даьккхира»,– кхидӀа а дуьйцура цо.
ГIиргIизойн махкахь Бетельгириев Мисирпаше маре яхара Шумисат. Дуьххьарлера доьзалхо гучуваьлча бедарш тега Iамийра цо шена. ГIиргIизойн махкарчу Ферганан областан Чавой юьртахь «Молотобаза» заводе балха вахара Мисирпаша.
Иза гинсу (ртуть) доккху завод яра, могашаллина кхераме йолуш. Цкъа цхьана дийнахь, цIийндас чудеанчу алапах туьканара ши юргIа оьций цӀайогIу Шумисат.
Ши куьг паргIат дитина яха Iемина йоцу иза саготта яра, шен куьйга къахьоьгуш, сом даккха некъ лоьхуш. ТӀаккха, ша эцна юргIанаш схьадостий, юха царна тIе керла дареш а тоьгий, дукха хаза диъ юргIа дой охьадуьллу цо. Уьш шаьш бехачу уьйтIа, малхе даьхна, хьалатесира Шумисата.
Кхеран кетIахула дIасалелачу гIиргӀизойн а, гӀезалойн а зударшна хазло и юргӀанаш, уьш мичара эцна хатта чубоьрзу царах цхьаберш. ЮргӀанаш шайн юьртарчу туьканара эцна дуй хиъча цецбовлу уьш. «Аш эций схьадаста, тӀаккха ас шуна а дийр ду керла юргIанаш» – аьлла, цаьрца гIиллакх лоцу цо.
ТIаккха юьртахь мел бехачара шайна юргIанаш тоьгуьйтура кхуьнга.
«Цхьа юргIа тоьгург ши сом ах сом лора. Кога ага а техкош, багахь олуш назма а йолуш, юргIанаш охуш, бедарш тоьгуш дукха суьйренаш текхира ас», – дуьйцура цо.
ХIорш бехачу юьртарчу заводехь даима а чан хуьлура.
«Боккхуш берг кIора белахьара иштта зуламе а хир дацара вайна, руда кхераме ду. Юьртахула охьадогIучу хино кIелхьардохуш ду вай. Делан болх бу-кх», – олура, суьйранна балхара чувеанчу цIийндас, Мисирпашас.
Бинчу балхах схьадала ахча ца хилча, Шумисатана котамаш а лора гIиргIизойн а, гIезалойн а зударша. Иштта зIаькардаьхни дебо йолаеллачу цуьнан 200 сов котам вовшахкхийтира. ЦIийндас цкъа а, цхьа а сом кхуьнгара схьа ца оьцура.
«ХIусамнана хьо ю. Хьуна хьайна хуур ду вайн хьашташна оьшшучул рицкъ дохка», – олура цо.
«СагIа а шайн цIийндайшка хаьттиний бен ма даккхалаш!», – олуш хиллачу шайн ненан ГIизкъин дешнаш дагадогIий, ша мел лелочунна тIехь Мисирпашех дагайолура Шумисат.
Шен йоI андаяьлча, заводехь къахьоьгучу белхалошна кхача кечбан балха яхара иза. Дийнахь 27 уьстагIах юург ян езара кхуьнан. Ша а туьппалгал бен йоцу хIара, гуьйрига тIе дохкуш уьстагIийн жижигах дакъош даха хIуттура. ДаьIахкаш хIинццалц дIакхуьссуш хиллера цигахь.
Ткъа хIокхо уьш отий, чорпи чу кхуьйсуьйтура. Шайна лучу кхачанан чам тобелла хаалора белхалошна. Заводан директорна чIогIа тайнера Шумисат массо а хIуманан тIалам беш, дика зуда, беркате накъост хилар.
1957-чу шарахь ГIиргIизойн махкара Нохчийчу цIабирзира БетельгириевгIар. Гуьмсана тӀехъваьлча йолчу Нойбоьрахь сецира Мисирпаша а, Шумисат а.
«Тхо ГӀиргӀизойн махкара цIадогIуш машен эццал ахча гулделлера соьгахь. Ахча даккха жима яцахь а, иза Iалашдан жима ю со», – аьлла, ахча тхайн Бабехь (марненехь) дуьтура ас», – дуьйцура цо.
ЦIадаьхкича, Нойбоьрахь нехан хилла тишделла божал хьаьхна, цу чохь кхо бутт баьккхира оха. Амма цхьана а дийнахь мукъа ца Iийра. Колхозо лелийначу аренашка арайолий, ло кIелахь йисина хьаьжкIаш гулйора ас.
Иштта, 27 гали хьаьжкIаш тилийна, царах ахьар дайтина, иза доьхкича а ахча гулделира. Бухкарца (гехь мохь лелош тIаьрсигах бина стомма муш) докъаран литтанаш кхоьхьура. Эса оьций, цунах етт бора. Дукха хан ялале Жалкхехь дакъа эцна, охьабаьхкира. Цхьана аьхка буьйдачу кибарчигех цIенош дира.
Мисирпаша Сесанахь милицехь балхахь вара. Цуьнан стогалла юьйцуш яра наха.
Цхьана дийнахь Веданара лаьцна стаг валош, охьавогIуш хиллера хIара. Лаьцна стаг шен говра а хаийна, ша улле а хIоьттина, гIаш вогIуш гина хиллера иза нахана.
«Ой, хьо хIара говра а хаийна ма вогIу?!», – мохь баьлла милицин хьаькаман.
«Со хIара вен вахана вацара, хIара лаца вахана вара!», – аьлла хиллера Мисирпашас. Эццахь дов даьлча, балхара дIаваьккхира иза.
1973-чу шарахь Гуьмсехь хIусам ло царна. Шумисат бедарш тоьгучу цехе балха йоьду. Цехехь божарийн бедарш тоьгуш 10 шарахь а, цул тIаьхьа берийн бешахь белхаш бо.
Советийн Iедал доха гергадахча Дагестанерчу ГIизлара лелаш, хорбазаш лелош, бIаьста котаман цхьа эзар кIорни оьций, гурахь йохка котамаш кхиош къахьоьгу.
Таханлерчу дахаран хьолах лаьцна хаьттича, Шумисата элира: «Адам тӀех партал даьлла вайн. Амма къинхьегамо бен ирсе-м ца до адам. Хьанал цабехачеран бахамаш тIех сов дебнехь а, ирс, беркат-м ца девза царна, хьанал вехарг, вуон Iаш велахь а, тоьлла ву. Котам, бежана кхаьбча, хас дийча доьзалшна хаддаза напха лаьттар дара. Хьажал, хьалха чу хьаша-да веача котамийн бун чу йолура зуда, ткъа хIинца луларчу туькана хьоду иза. Иштта хила ца дезара… Дера ца дезара…».
Шумисатан кхоъ йоI а, шиъ кIант а дара. Царах цхьа йоI а, цхьа кIант а кхелхина Нохчийн Республикехь тIемаш болуш. 2000-чу шарахь дIавелира доьзалан да Мисирпаша а.
Шен ялх шо долуш дуьйна къахьегна ю Шумисат. Шен дахаран хIора шо а, де а, шайн нанас ма-аллара, ве-моз санна цIена, сирла, хьанал даьккхинчу нохчийн зударех цхьаъ ю иза. Цуьнан дахар тоьар дара оьзда а, дика а ваха лууш верг нийсачу новкъа ваккха.
Бакъду, хьанал ваьхнарг, Дала мукъ лахь, кху дуьненахь а, бакъдуьненахь а декъал хир ву! Вайн наной, нохчийн зударий иштта бара.
Ткъа вай? Вай йиъча а дузуш дац, хевшина Ӏаш а садоӀуш дац. Вай ирсе деш хӀумма а дац тахана. Цкъачунна. Къахета вайх. Дахар чолхе дацахь а, беса а, теза а ду вайн. Дала шена елла хан эрна ца хетарал боккха синтем а бац.
Шумисатах даггара хьоьгу со. Вайх хӀораннан кертахь кхуьийла ШумисатгӀар.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№17, бекарг (март) беттан 6-гIа де