Зудчун сий-ларам баран гIиллакхаш

Юьртахь а, махкахь а оьшуш стаг ву Воккха-Дада. ЦIенна беркат ду-кх. Цуьнан хьикматечу хьехамаша дуккха а кегийрхой нийсачу некъа тIе хIиттийна, дуккха а доьзалшкахь барт-марзо чIагIйина, дуккха а къоначарна вайн халкъан гIиллакхаш, дайн Iадаташ марздина.

Наггахь а де ца долу и волчу къоначарах стаг ца вогIуш. Тахана а веана кхоъ. Нохчийн халкъан зудчуьнца хиллачу юкъаметтигех, цуьнга хиллачу сий-ларамах, цуьнца лелош хиллачу гIиллакхех дерг хаа а, шайн нийсархошна юкъахь даржо а лууш баьхкина уьш.

НеIарехь лаьттачу кегийрхошна охьаховша паргIато а елла, Воккха-Дадас геннара доладо: – Веккъа цхьа Адам Пайхамар (Делера салам хуьлда цунна) воцург везачу АллахIа нана йоцуш кхоьллина цхьа а вац. Вайх хIора нанас, шен дегIансин мутт доькъуш, кийрахь лелийна ву. Кхин хIумма а цо дина ца хилча а, и бахьанехь шен сий-ларам бан хьакъ ю нана. Ткъа муьлхха а нана зуда ю, цхьаьннан йиша я йоI ю. Делахь-хIета церан сий-ларам бар, уьш ларбар, церан дола дар ду вайна тIехь.

Къаналле лестина воккха стаг шен дегI нисдеш хьалагIоттуш хилла пхора зуда пхьоьханахула (новкъа) чекхйолучу хенахь. Зудчуьнга боккха сий-ларам хилла хилар дац тIаккха, новкъахь зуда дуьхьал нисъелча, нагахь санна ша мехкан кост эцна воьдуш вацахь, динна тIера вуссий, цуьнан Iуналла, дола деш, иза шен верасашна тIекхаччалц дIаюьгуш хилла хилар?! Зуда ларар дац иза, нагахь санна, карахь мангал я диг долуш, зудчунна юьртал арахьа тIекхаьчча, ворда елахь ворда, салаз елахь салаз йоьттина иза юьрта схьаялош хилла хилар? Ду шуна. Вайн зударийн сий-ларам бар ду шуна иза. Вайн Кавказерчу халкъаша а дозаллица дуьйцуш хилла нохчийн и гIиллакх. Шен нана, йиша, сте, йоI лоручара лелош хилла и гIиллакх. Нохчийн гIиллакхашна юкъахь уггаре а мехала лоруш хилла (мехала доцуш царах цхьа а дац) зудчуьнга, иза цкъа а гина, евзина яцахь а, вошалла кховдош хилар. КIеззиг мукъане а шеца нохчалла долуш волу стаг зудчуьнца эхь-бехк лардеш хила везаш ву. Ларамаза ма дац зударшкахь долчу хьоле хьаьжжина, зударшца йолчу юкъаметтигашка хьаьжжина къоман хьекъалан, кхетаман мах хадош хилар. Ткъа вайн зударий даима а маьрша хилла, сийлахь хилла. «Зударийн сий доцчу махкахь къонахий кхуьур бац» боху кица вайн халкъан бен ду моьттуш а вац со. Оцу кицанехь доккха хьикмат ду. Цо дуккха а хIуманна тIенисдо вай.

Вайн халкъалахь хьалха олуш дара: «Стеган мотт а, зудчун когаш а бихкина бу».

Цуьнан маьIнех шу кхетош, масех дош ала деза моьтту суна. Боьрша стаг дукха луьйш хила ца веза, шен дош лардеш, чекхдоккхуш хила веза, шен дашах жоп луш хила веза. Зударша аьлларг чIире ца лерина вайн дайша.

«Иза-м зударийн хабар дара», – аьлчахьана тоьаш хилла. Ткъа зудчун когаш бихкина бу бохург ду ков-керт, юрт, урд бохучул дехьа зудчун некъ болуш бац бохург. Зударшна тIехь кхерчан а, хIусаман а дукъ ду. И дукхъ бахьанехь зударшна тIаьхьарчу хенахь дикка дазделла чохь оьшуш дерг. Нагахь санна цуьнан барам ларбан ца хаахь хьашт-дезаршка сутаралла кхоллало.

Оцу сутаралло доьзалан юкъаметтиг йохайо, гIиллакхашна инкарло йойту. Зуда шен берийн да хьийзо йолало, «Нехан дерг вайн хIунда дац? Схьада! Лаха!» – бохуш.

ТIаккха стаг галволу, хьарам-хьанал ца къестош, сом даккха гIерта. Цундела олуш хилла вайн халкъалахь: «Вочу зудчо стаг стогаллех воккху».

Шен цIийндега ца далуш дерг де бахаро, цо чу дохьуш долу рицкъ хьанал-хьарам хиларан бала цакхачаро дика болх ца бо, стаг шен амалх вохаво.

Вайн дайша олуш хилла: «Дала декъалйина зуда».

И кхетам чIогIа маьIне бу. Дала декъалбинчу зударша кхерчах, хIусамах болатан гIап йо шайн хIусамдайшца цхьаьна. И тайпа зударий а, къонахий а тахана а, Делан къинхетамца, болуш бу вайна юкъахь.

Уьш алсамбовлахь хьалха хилла къам хилла буьсур бу нохчий. Вай хьалхалерра къам хилла дуьсур ду нагахь санна зударий, хIусамнаной, генарчу Iалашоне боьдучу некъа тIера дIаса а ца хьийзаш, хIинцца оьшучун буржалех паргIат а яьлла, тIейогIучу кханенан ойла еш хилахь.

ТIаккха цо, байракх йина, ойъур ду доьзалан сий, цуьнца цхьаьна шен сий а. Нагахь санна иза оцу некъа тIера дIасахьийзаш елахь, оцу зудчунна тIаьхьа ца ваза стаг я турпал хила веза, я Дала, цхьа доккха хьекъал делла, кIорггера кхетам болуш хила веза.

Вай хIинцца дийцинарг дерриге а нохчийн зударийн сийларам баран гIиллакхех лаьцна дара шуна, жимма со цунна тIера дIатаьIна хиллехь а. И дIатаIар а ларамаза дацара шуна, хIунда аьлча, зудчо, нанас, йишас, йоIа вайн доьзал, кхерч чIагIбарехь лелош долу маьIна а, цунна тIехь долу жоьпалла а гайтархьама динера вай иза.

Бераллехь дуьйна йоI нана хила Iамо езаш ю. И сийлахь декхар а, деза дукъ а, доккха жоьпалла а шен йоIана довзийта дезаш ерг цуьнан нана ю.

Шайн леларца, оьздангаллица, гIиллакхашца, эхь-бехкаца, доьналлица кхаьчна вайн хьоме зударий халкъо шайн сий-ларам баре. Уьш беца вайн махкахь къонахий кхиийнарш а, къонахий кхиош берш а.

Цара кхиийна, ир-карахIоттийна нохчийн къонаха сацо, къарван ницкъ бац хIокху дуьненахь. Цундела бо вай зударийн боккха сийларам, цундела до церан дола.

Цундела бакъо хилла вайн юьртал арахьа дечиг даккха я йол цIаян яханчу зудчунна тIенисвелча, цунна оьшу гIо а дина, иза юьртан пхьоьхана а ялийна, юьртарчу нахе, ша мел жима велахь а: «Нах дац шу!», – ала.

Шу нах делахьара ша цхьаъ аш хIара дечиг я йол ян юьртал арахьа йолуьйтур яцара, бохург хилла иза.

Иштта, вешан зударийн, нанойн, йижарийн, йоIарийн дола дина, сий дина нохчий ду вай. Иштта хилла диса дезаш а ду, дерзийра шен къамел Воккха-Дадас. Цуьнан къамел чекхдаьллачул тIаьхьа а дикка Iийра кегийрхой ойланашка бевлла.

Царна дуккха а къайленаш яьстинера цо…

С.ХАСАНОВ
№17, бекарг (март) беттан 6-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: