Нохчийн Республикин хьакъйолчу артисткас Межиева Марета нохчийн культурин хьаьрмахь къахьоьгу 18 шо ду.

Забар яр а, шена бевза-безачийн гонехь самукъадаккхар а дезаш яра иза. Ткъа шен хьуьнар йоккхачу сцени тӀехь дӀагайта хӀуттуш яцара.
«Тхан доьзалехь, тхаьшна спектаклаш хӀиттор тоьаш дара. ТӀом дӀабаьлла хан хала а ма яра», – бохуш дийцира Марета хIокху деношкахь «Даймохк» газетан редакце еача.
Вайн республикехь дика евзаш йолчу шен йишас Межиева Маккас чуьра «араяьккхина» Х.Нурадиловн цӀарахчу къоман театре йигира иза.
Цуьнан похӀма гинчу театран куьйгалло балха ийцира иза. Иштта, 2004-чу шарахь дуьйна Нохчийн къоман театрехь болх беш ю иза. Шен хаарш тӀедузуш болх бора цо театран говзанчех масалш оьцуш.
Хьегна къа эрна ца дайна — Маретан меттиг театрехь юй хиъна хилла Макка а бакъ хиллера.
Кестта и тӀечӀагӀдеш хилам хир бу Маретан дахарехь: хӀокху бекарг (март) беттан 28-чу дийнахь Соьлжа-ГӀалахь йолчу Коллизей залехь шен дуьххьарлера музыкин-юморан сольни концерт дӀаяхьа кечамаш беш ю иза.
Цул сов, дӀадаханчу шарахь Маретан 50 шо кхачар а пандемин хьал бахьанехь тидамза дисина дара. И дерриге а цхьаьна нисдан дагахь бу цуьнан белхан накъостий.
Концертан программа эшарех а, самукъанечу спектаклийн инсценировкех а лаьтташ хир ю.
Хьовсархошна дагахь лаьтта «Зинин кафе» аьллачу самукъанечу инсценировкехь Марета ловзийна роль. Билгалдаккха деза, МежиевгӀеран доьзалехь (4 кӀант а, 2 йоӀ а, 12 берийн бер а ду церан) боккха хилам хир бу кестта хинйолу концерт.
Вайн махкахь тӀаьхьарчу хенахь сатира жанрехь къахьоьгуш болу артисташ а лахбелла хилар хаалора Маретана самукъанечу хотIехь концерт яла дагадар дика гӀуллакх ду.
З. ШАЛИЕВА
№17, бекарг (март) беттан 6-гIа де