Веданан районерчу Элистанжа юьртахь даздаран хьолехь вовзийтира шен накъост кIелхьараваьккхина волу ворхIалгIачу классан дешархо Магамаев Бек.
«Магамаев Бекас динарг вай тидамза дита йиш йолуш дац. ХIунда аьлча ша жима воллушехь, шен накъостана гIо эшначохь цо, воха а ца вухуш, иза кIелхьара ваьккхина хиларна. «Хиндолу хьоза бенахь декна» олуш нохчийн цхьа кица ду-кх. И кица Бекина догIуш ду аьлла хета суна. ВорхIалгIачу классан дешархо, хIинцале а майралла а, доьналла а долуш ву. Цхьа а шеко йоцуш жимачу турпалхочух вайн кегийрхоша масал эца а деза. Цо динарг нахана довзийта а деза», – элира №8 йолчу цIеяйъаран декъан хьаькама Хадисов Шайхис.
ЙолхалгIачу классехь доьшуш волу Газиев Iали школера ма веллина шен накъосташца ловза висина хилла. Бераш ловзуш долчу меттигна гена доццуш тIехь ток йоьдуш долу бIогIамаш хилла. Iалина ша жима хиларе терра оцу бIогIамна тIе вала лиъна. КIентан накъосташа ма гIахьара хьо цига, ток тухур ю хьуна, бохуш дийцина а хилла. Бакъду, шен лаам кхочуш ца бича Iали Iен ца велла. Иза оцу бIогIамна тIе хьалаваьлла ток йолчу серах ког Iотта гIиртина. Цуьнан ког серах дIахьакхабаларца, кIантана ток тоьхна, иза кхетамчуьра а воккхуш. Делан къинхетамца, дешархо чу ца вужуш, тасавелла висина. 10–12 метр лакхахь кхозуш волчу Iалис, ша метта веаначул тIаьхьа, шена орца дехна. Ша тасавелла волчуьра охьавосса хала хилла кIантана, дикка метта веана цахиларна. Цу хьола тIе нисвелла волчу Магамаев Бекас, ша жима хиларе а, шена а ток тоха тарлуш хиларе а ца хьоьжуш, оцу бIогIама тIе хьала а ваьлла, дIатасавелла волчуьра схьа а ваьккхина, гIо а деш охьавоссийра.
Билгалдаккха деза, Россин Федерацин МЧС-н Нохчийн Республикехула йолчу коьртачу урхаллин хьаькаман Яхъяев Русланан цIарах жимачу турпалхочунна Магамаев Бекина баркаллин кехат а, мехала совгIат а дина хилар.
А.ШЕРИПОВ
№ 62, шот, 6 июнь, 2015 шо