Раяна

Бедарш тоьгуче балха хIоьттинера Раяна, ша 8-чу классера дешна яьлча. И говзалла чIогIа езаелла, даго хаьржина яра цуьнан.

Цхьана дийнахь, делкъан хенахь, генахь йоцчу скверехь хиъна Iара йоI, бIаьстенан Iаламо дог-ойла хьоьстуш, баьццарчу диттех, къорзачу зезагех самукъадолуш.

Меллаша цхьа ца евза, Iаьржачу аматехь, кхечу къомах йолу зуда хиира цунна юххе. Раяна шена тIеерзош, гIиллакхе, оьзда къамел долийра цо.

Палтосург яра иза, массо а гIаланашкахула кхерсташ лела. Шен амалца, шен кепаца евзар йолуш, къа ца хьегна рицкъ дезаш йолу жуккар.

Къаьсттина вайн махкахь яьржинера уьш… нохчийн халкъ комаьрша а, собаре а хиларна гIерта хир бу уьш даима вайна тIе.

Цу зудчо, Раянина тIехь шен Iаьржа бIаьргаш сецош, цуьнан лергахь, кочахь мел йолчу дашочу хIуманан тидам беш, йоьIан куц-кеп хестош, шен гIоман «сеанс» дIайолийра.

Ирсе хила лаьий хьуна, Раяна?,– цIеххьана хаьттира цо.

Лаьа, – элира Раянас, – хьанна ца лаьа иза.

Делахь-хIета, ас хьуна уггаре а дикачух пал тосур бу-кх, шек дIа ма ялахь, – аьлла, даггара цхьа шабар-шибар дан йолаелира иза.

ХIинца, хIокху кехата юккъе а хьарчаяй, хьайн дегIаца мел йолу дашо хIума соьга схьало, уьш сан карахь ца хилча, пал кхочушхир бац, – аьлла, куьйггал хир долуш, кехат схьакховдийра цо йоIе.

ТIаккха Раянас шен лергара а, кочара а, пIелгех а мел йохку а дашо хIуманаш, цу кехата юккъе а хьарчийна, дIаелира цуьнга.

ТIаккха и ларча шен кара кхаьчча, дIадолийра цу имансизо шен бакъдолу бозбуанчалла.

ХIинца, Раяна, хIара хьайн дашо хIуманаш хьайн чета а йохка, сарахь 10 сахьт даьлча бен, хIорш четара хьала а ма яха. Вайшиннан пал бухур бу, ас ма-аллара ца хилахь. Цхьаьнгга а дийца а ма дийца хIара гIуллакх, ирсе хир яц хьо, вайн барт ахь нахала баккхахь, – аьлла, хьалагIаьттина, мох санна, дитташ юккъехула дIатилира иза, кхин юха ца хьожуш.

Цкъа а ца хиллачу кепара сакъералуш, ойла тIомаяьлла, болар дайделла, лелаш яра йоI цул тIаьхьа, хелхаяла дог оьхуш, шен къайленах йоккхаеш, ша-шена елакъежаш.

Хьо ма чIогIа сакъералуш ю, Раяна? Тхоьга а дийцахь, хIун дагахь ю хьо?, – хоьттура цIерачара.

Сарахь, 10 сахьт даьлча, хуур ду шуна! Цул хьалха дийца йиш яц.

ХIунда йиш яц?

Ирс довр ду, цул хьалха дийцахь!

Массо а вара цу къайленан ойлаеш, сарахь 10 сахьт дала масех минот йисича, Раянина тIегулбелира чохьберш… ЙоIа шайга боккху болчу кхоэ сатесна, сакIамделла вара массо а, сахьта тIехьоьжуш.

ТIак! – аьлла, сахьтан цхьамза 10-нна тIехь сецира.

Шен чета куьг а дахийтина, кехатан ларча хьалаяьккхира Раянас, юьхь кхохкийна яра цуьнан, дукха сагатдина.

Схьадаьстира Раянас кехат, амма цу юккъера охьаийгира… кегий тIулгаш!

А-а-ахI, – олуш, самалделла, юьйжира йоI.

Ва-а-а, Раяна! Хьуна хIун хилла?, – мохь белира нене, – ЙоI леш ю, орцадала!

Вашас хьаьдда вахана, лоьрийн орцадалийна, маха тоьхна, меттаеъча, елхаран къурдаш деш, дийцира йоIа, шена палтосучо бинчу тешнабехках, цуьнга ша дIаелла шен дашочу хIуманех лаьцна.

Цу палтосучо ша леяр, цуьнан аьшпех ша тешар ца лалуш, ша шех каетташ йоьлхура дохкояьлла Раяна.

ГIуллакх полице делча, талламаш бинчул тIаьхьа, хиира: и палтосург цу дийннахь поезда тIе хиъна, кхечу гIала дIаяхана хилар.

З.СУЛЕЙМАНОВА
№17, бекарг (март) беттан 6-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: