Яздархочун денна лерина суьйре

Яздархочун дуьненаюкъарчу денна лерина суьйре дIаяьхьира А.Айдамировн цIарахчу къоман библиотекехь.

Цигахь дакъалоцуш бара нохчийн яздархой а, поэташ а, юкъараллин, кхоллараллин интеллигенцин векалш а.

Суьйре дIахьош вара Нохчийн Республикин Яздархойн союзан председатель Ибрагимов Канта.

Нохчийн яздархоша тIекхуьу къона тIаьхье ийманчохь кхетош-кхиорехь доккха дакъалоцу шайн йозанашца. Цул сов, нохчийн къоман мотт кхиоран а, ларбаран а дакъа а ду яздархошка кхочуш. Вайн къоман дуккха а сийлахь яздархой хилла. Цара йоврйоцу шайн лар йитина нохчийн литературехь, – элира Ибрагимов Кантас.

Нохчийн Республикин юкъараллин палатин председатела Денильханов ИсмаьIала билгалдаьккхира тIаьхьарчу хенахь нохчийн литература кхуьуш хилар а, ешархой алсамбовлуш хилар а: «Вайн мехкан Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан лерринчу тидамца а, гIо-накъосталлица а нохчийн яздархойн аьтто бу шайн книгаш зорбане яха. Нохчийн мотт кхиоран а, ларбаран а, книгаш еша марзбаран а беркате цхьа агIо ю иза. Цул сов, яздархоша шайн говзаршкахь йовзуьйту Даймехкан истори, гIиллакхаш, Iадаташ, доьзал кхиоран мехаллаш».

Суьйрене гулбеллачара дуккха а дийцира яздархойх а, церан говзарех а лаьцна. Къаьсттина билгалйохура Айдамиров Абузаран а, Арсанов СаьIид-Бейн а, Сулаев Мохьмадан а, Гадаев Мохьмад-Салахьан а, Ошаев Халидан а говзарш.

Зударех-яздархойх лаьцна дош элира «Даймохк» газетан Культурин отделан куьйгалхочо, журналиста Эльдерханова Зайнапа: «Яздархо бусалба а хилча, нохчи а хилча, цунна тIехь доккха дукъ ду. Вайн Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) вайга схьакхачийнарг дуьненахь а, эхартахь а вайна беркате хилийта вайна Iамош, марздеш, вайх дIадулуьйтуш, къахьоьгуш, гIазотан новкъахь бу яздархой. Литературехь нохчийн зударий къахьоьгуш хилар вайна билгалдаьлла дукха хан ю. Царах хилла Исаева Марем, Ахматова Раиса, Курумова Селима, Гайтукаева Бана, Джумалаева Лула. Тахана а, боккха юьхькIам бу нохчийн къоман литературехь оьрсийн а, нохчийн а меттанашкахь яздеш зударий хилар. Церан могIарехь ю Газиева Аза, Сулейманова Зайнап. Къона чкъор а ду литературехь къахьоьгуш: Арсалиева Люба, Петирова ПетIамат, Халикова Асет, Магомаева Марем, Хаяури Инга. Зудчунна шен кепара го дуьне. Цкъа делахь, экаме ю иза, йиша, хIусамнана, нана, йоккха хила йоьлча – денана я ненанана. Дахарехь шен зеделларг йозанехь охьадуьллу цо. Ас бийцинчу яздархойх-зударех къаьсттина нохчийн къам, Даймохк безарца лар йитина, нохчийн къоман кхолламехь доккха дакъалаьцна ю Ахматова Раиса. Тхоьца балхахь хилла волчу Магомаев Салавдин «ХIетахь догIа а мела хуьлура» книги тIехь яздина ду Раисех лаьцна. Вайн халкъ цIерадаьккхинчу хенахь, Хрущевна тIекхаьчначу зударех цхьаъ ю иза. ХIетахь цуьнан 28 шо бен ца хилла, делахь а, хьуьнар долуш зуда хилла иза. Иштта шайх дийца хьакъ долуш бу-кх литературехь къахьоьгуш болу нохчийн зударий».

Цул тIаьхьа , поэташа шайн байташ а йоьшуш, Iалашонаш а йовзуьйтуш, дIаяьхьира суьйре.

ВЕГИЕВА Макка
№17, бекарг (март) беттан 6-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: