Къоман драматургехь – керла цIе

Муьлхха театр а, дукха хьолахь, драматургин къелла ловш хуьлу. Еххачу хенахь, изза къелла ловш схьаеана Нохчийн Республикин театраш а. Амма, тIаьхьарчу хенахь, мелла а хийцаделла керлачу пьесашца долу хьал. Масех автор ву вайн театрашна драматически говзарш язъеш. Царах цхьаъ ву Аюбов Муса.

Иза ларамаза нисвелла вац Нохчийн Республикин театрашка.

1984-чу шарахь жима стаг деша вахана А.Луначарскийн цIарах йолчу Москварчу театральни институте (ГИТИС). Дуьненна гIараваьллачу театран говзанчин, СССР-н халкъан артистан, профессоран В.Андреевн Iамархо ву иза.

Москварчу театральни институтехь доьшуш а волуш, болх бина Москварчу «Театр» цIе йолчу театр-студехь, тайп-тайпанчу спектаклашкахь васташ а кхуллуш. Иштта, цо дакъалаьцна «Мосфильм» киностудехь яьхначу «Ягуар» а, «За все заплачено» а исбаьхьаллин фильмашкахь.

1988-чу шарахь кхиамца Москвара театральни институт чекхъяьккхина ваьлла, СоьлжаГIала цIавирзина, Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан драмин театре балха хIоьттира. М.Аюбовс дакъалаьцна вайн къоман театро хIиттийначу: «Яхь йолу кIентий», «Мохк бегийча», «Маршо я Iожалла», «Пелхьонаш», иштта кхечу спектаклашкахь.

ХХ–ХХI-гIий бIешераш хотталучу муьрехь, республикех буьрсачу тIеман сийна цIе хьаьрчинчу хенахь иза дIавуьгу Москварчу «Театр» цIе йолчу театр-студехь болх бан.

Цигахь цо дакъалоцу режиссера А.Левинскийс хIиттийначу «Пакет», «Лодка», «Трехгрошовая опера», «Граница», иштта, кхечу спектаклашкахь.

2001-чу шарера 2005-чу шаре кхаччалц, ГIебартойн-Балкхаройн къоман музыкальни театрехь режиссеран болх бо цо.

2005-чу шарахь Москварчу театральни институтехь искусствоведчески Iилманийн кандидатан диссертаци чIагIйо. Цул хьалха а, тIаьхьа а вайн къомах искусствоведчески Iилманийн кандидат хилла вац. 2010-чу шарахь дуьйна Нохчийн Республикин искусствийн хьакъволу гIуллакххо ву иза.

2006-чу шарахь дуьйна Нохчийн Республикин М.Лермонтовн цIарахчу оьрсийн драмин театрехь болх беш ву. Актеран болх барх сатуьйш-м вац иза. Цуьнан ойланаш режиссурех хьерча дуккха а хан яра.

2008-чу шарахь кхочушхилира и ойланаш. Мусас ша язйина «Ансар и Заза» пьеса хIоттийра оьрсийн драмин театран сцени тIехь. Боккхачу кхиамца цуьнан премьера чекх а елира. ХIетахь массара а хестийнарг режиссеран болх бара.

Цхьанна а дага ца догIура «Ансар и Заза» спектаклана пьеса Мусас язйина хилар. Цо, цул тIаьхьа а, белхаш бира режиссурехь а, драматургехь а. Цул тIаьхьа цо язйина «Зло» пьеса М.Лермонтовн цIарахчу оьрсийн драмин театро хIоттийна.

Иштта цо «Барт боьхна доьзал», «ЦIе дIаяйна кхерч», кхийолу пьесаш а язйина М.Аюбовс. Уьш кхиамца хIиттийна Нохчийн Республикин театрийн сценаш тIехь. Цул сов, вайн республикехь кесткеста дIахьочу даздарийн сценарийн автор а ву иза.

Делахь а, цуьнан хьуьнарех долу къамел дуьззина хир дацара 2016-чу шарахь язйина «Iаьржа кIант» пьеса ца хьахийча. Пьеса комедин жанрехь язйина ю. Къоначу режиссера Хамзатов Ахьмада хIоттийна и спектакль М.Лермонтовн цIарахчу оьрсийн драмин театран сцени тIехь. Масех шо ду иза театран репертуарехь йолу.

Делахь а, хьовсархошна кIордош яц иза, вайн дахарера цхьадолу кхачамбацарш забаран хорша дерзош, говза язйинчу пьеси тIехь хIоттийна хиларна. Мишаев Рудольф, Исламов Висхан, Махаури Iаьлви, Ибрагимова Румиса, Авзаева Марха, пьесин автор Аюбов Муса, иштта кхиболу актераш бу оцу спектаклехь дакъалоцуш.

Башхачу спектаклан йохалла, боьлучуьра юхабоьрзуш бац хьовсархой. Спектакль нохчийн маттахь ю. Цунах къаьсттина там хуьлу вайн махкарчу хьовсархошна. Дийца даьккхинчуьра билгалдаккха догIу Аюбов Мусан дукхах йолу говзарш нохчийн маттахь хилар.

Цара гойту авторна кIорггера ненан мотт хууш хилар а, къоман гIиллакхаш, ламасташ дика девзаш хилар а. Цхьана а кепара шеко йоцуш, чIагIдан мегар ду нохчийн къоман драматургехь керла цIе юкъаяьлла хилар.

Аюбов Мусан «Iаьржа кIант» пьеса, массо а шеко дIайоккхуш, теш хIуьтту нохчийн къоман драматургехь керла цIе юкъаяьлла хиларна.

ГАЗИЕВА Аза
№17, бекарг (март) беттан 6-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: