Канаев ВахIидан а, Аминатан а йоI Ремиса дуьнен чу яьлла 1974-чу шарахь Гуьмсан кIоштарчу Хошкалдахь.

Жимачохь дуьйна халкъан барта кхолларалла (туьйранаш, эшарш, и.дI.кх.) езара цунна.
Байташ язъеш самукъадолура. Цо шен дуьххьарлера байт, школехь доьшуш йолуш, дена лерина язйина.
«Цуьнга дукха сатийсарна, да волчу берех со дукха хьегарна кхоллаелла ойланаш яра уьш. Цхьана цхьаьнакхетарехь дIа а йийшира ас иза», – бохура Ремисас.
1991-чу шарахь кхиамца юьртара школа чекх а яькхина, Ремиса Гуьмсерчу хьехархойн училище деша яхара.
1994-чу шарахь цигахь дешна а яьлла, оццу шарахь Хошкалдарчу школехь юьхьанцарчу классийн хьехархочун болх бан йолаелира.
Дукха хан ялале, Нохчийчохь хиллачу тIамо хадийра цуьнан къинхьегаман некъ. ХIетахь дуьйна цо кхин хьехархочун болх ца бина.
Карарчу хенахь Дагестанерчу Хасавюьртан кIоштарчу Хамавюьртахь (нехан цIен тIехь) ехаш ю. Йоккха беш а, юьйш-ерзош керт а ю.
Иштта, куьйгаговзаллин цхьацца белхаш (тайптайпанчу коьчалех кхаби чохь зезагаш деш, къоламца суьрташ дохкуш) беш а ю.
Шен мукъа хан байташ язъеш йоккху цо.
Диъ бер (цхьа кIант, кхо йоI) ду Ремисин. КIант Москвахь ву, цхьа йоI – нехан цIентIехь, ши йоI Ремисица ю. Кхоъ берийн бер а ду.
Ремисина дукхадеза адамаш. Иза гIиллакхе-оьзда, нахаца уьйрмарзо йолуш еха.
КАНАЕВА Ремиса
Нана
Гуьйренах тардина сан дахар дохийна.
ДогIанах тардина, сан бIаьрхиш лешийна.
Юьйжира хьо метта гIатта ницкъ боцуш,
Со гонаха хьийзара дан амал доцуш.
Шийлачу маьхьарца еара Iуьйре,
Iожалло катоьхна, йоккхуш сох нана.
Даш хилла язъелла еара суьйре,
Хьо йоцуш чуйирзи, сан хьоме нана.
Хьо яьхна хIусам шийла ю тахана.
Со йогIу ларъеш яц хьо бухахь, нана.
Ахь лайна халонаш, цамгарийн бала,
Везачу вайн Дала хьо декъала йойла!
ХIаваэхь стигланаш совцийна Дела!
Дуьненна йовхо луш, малх кхоьллина Дела!
Седарчийн жа дажош, бутт кхобу Дела!
Декъала Ахь ехьа сан гIийла Нана!
Сан хьоме Нохчийчоь
Хийрачу махкахь рицкь хилла яхарх,
Даг чуьра ялац хьо кIеззигчу ханна а.
Дуьненна йовхо луш богучу маьлхан а,
Хьох къаьсташ шелделла дог ницкъкхачац дохдан.
Нохчийчоь, сан Даймохк, дай баьхна латта!
Лаьмнаш а, шовданаш а – хьо ниIмат Делан!
Яхалахь, кхиалахь гуора ца хIуттуш,
Сан хьоме Нохчийчоь, ирсан бух буттуш!
Зама
Зама, ас къуьйсур дац хьоьца,
Хаьа, хьо тоьлар юйла сайл.
Цхьа дехар дара сан хьоьга,
Вай къастар дехьа юьхькIайн!
Бес-бесара шеран сурт хуьйцуш,
Ахь къан а во, ахь тиш а во.
Делахь аса доггаха доьху,
Лохьа маршонан серло.
Цкъа, хьостий, са доккху тIома,
Чехаеш, ахьа Iадайо.
Бехк хьуна-м даций буьллийла,
Хьайн некъ беш дIайоьду-кх хьо!
Уьду хьо шо-шаре доккхуш,
Коьрта тIе йис юьллуш сан.
Диканех бIов йогIа хьоьгуш,
Уьду со ницкъ эшош сайн.
Зама, ас къуьйсур дац хьоьца,
Хаьа хьо тоьлар юйла сайл.
Некъ боьхкуш, ма лелахьа суна,
ДIабаккхахьа сан ирсан зайл!
***
Бесни яшош тIадам боьжча,
Стигла хьала со хьаьжира.
ДогIуш догIа ца хиллера.
Доьлхуш дерг сан дог хиллера.
Бай тIехь техкарг зезаг хетта,
И даккха со тIекхевдира.
Лазаран ов тухуш дагна,
Со Iехийнарг баI хиллера.
Шега дагара дийца йоьлча,
Мархашлахь малх къайлабели.
Дуьйцучуьнга дугIуш ша ла,
Соьца цхьаьна шовда дилхи:
«Хийла йоI, кIант ирсе дина,
Деза дегнаш цхьаьнатоьхна.
Хьо санна кхин ирс дайна йоI
Суна цкъа а гина ма яц.
Зорбане кечйинарг – Л.ИБРАГИМОВА