Нохчийчоьнан Куьйгалхо масех районехула чекхвелира

Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан квадроцикла тIехь нохчийн масех гIаланах а, районах а чекхвелира. Цуьнан коьрта Iалашо яра оцу гIаланашкахь долчу хьоле а, цигахь беш болчу белхашка а хьажар.

Регионан Куьйгалхочо шен къамелехь билгалдаьккхира гинчу суьртана ша реза хилла хилар. «Со Грозненски а, Шелан а, Курчалойн а, Гуьмсан а районашкахь а, Аргун гIалахь а, иштта исс юьртахь а хилира. Иза тамашийна хIума дац. ХIунда аьлча цхьа де ца долу цхьана юьрта, районе со ца воьдуш. Амма тахана со квадроцикла тIехь вахара. Районийн куьйгалхошка со вогIур ву аьлла хаам а ца бира. Сайна гина долчу суьртана реза хилира со. Массо а меттехь еш керла гIишлош ю, царах дуккхахъерш жимачу а, юккъерчу а бизнесан объекташ ю. Шелахь «Шали-Сити» объект еш а, иштта гIали юккъехь реконструкци еш а белхаш бу беш. Эвтарахь деш доккха маьждиг ду. Ткъа Гуьмса-м кхузаманахьлера гIала хилла яьлла йолуш лаьтта. Цигахь паргIат дахарна оьшу дерриге а хьелаш кхоьллина. Уггаре а чIогIа суна хазахийтира меттигерчу бахархошца цхьаьнакхеташ. Нохчийн Республикера бахархой массарел а дог цIена, дика адамаш ду», – элира Кадыров Рамзана.

Цул тIаьхьа цо тIетуьйхира ярташкахула чекхволуш цигахь бечу белхийн жамI дина хилар. Районийн куьйгалхойх балха тIехь кхиамаш хьенан бу а, иштта даза дисина белхаш хьенан ду а шена хууш хилар цо дIахаийтира.

Лакхахь хьахийначу районашкара бахархой а боккха кхаъ хилла бара Кадыров Рамзан а, цуьнан белхан накъостий а квадроциклаш а, тройкаш а тIехь шаьш долчу бахкарх а, шайца къамеле бовларх а.

 

А.АБДУЛАЕВ

№ 62, шот, 6 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: